Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 30.05.2021

Оьрсийчоьнан Iедало дIакъовла, боху нохчийн оппозицин IADAT канал

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедало дIакъовла боху нохчийн оппозин 1ADAT канал Нохчийн оппозицин 1АДАТ ютуб-канал Роскомнадзоран арз бахьанехь Оьрсийчоьнан территори тIехь дIакъовла тарло, аьлла, хаам хьажийна видеохостинган куьйгалло каналан администраце. Сепаратистийн Нохчийчоьнан Ичкери Республикан пропаганда яржайо цо, аьлла ду арз. Кавказ.Реалиица къамел деш 1ADAT-ан векало билгалдаьккхира шайн каналехь цхьа наггахь доцург хьахош а ца нисло Ичкери, цо довзуьйтург Нохчийчуьра таханлера хьал бен дац, аьлла. Читать дальше...

Москвахь митингехь ницкъхойх леттачу Джумаевна 5 шо хан йоьху прокурора

Radiomarsho.com 

Москвахь митингехь ницкъхойх леттачу Джумаевна 5 шо хан тохар доьху прокурора Дечкен-беттан 23-чохь оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша хIоттийначу митингехь полицин белхахойх латарна Москварчу пачхьалкхан университетан студентна Джумаев Сайд-Мухьаммадна пхи шо хан тоха догIу набахтехь яккха, аьлла Iедалан цIарах бехктIехьочу агIоно, хаам бо "Арестанты 212" проекто. Москварчу Тверан кIоштан кхелехь ладегIарш дIадаьхьира Стигалкъекъа-беттан 28-чохь, буса. "Медиазона" портало бахарехь, кхеташ доцчу бахьанашца... Читать дальше...

Нурмагомедов гIур вац "Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Гуьржийчоьно а санкцеш тоьхначу" Абхазе

Radiomarsho.com 

UFC-н ийиначу кепехь латтаран чемпион волу Нурмагомедов Хьабиб ваха лерина вац Дуьненаюкъарчу бераш Iалашдаран дийнахь, Мангал-беттан 1-чохь, Абхазе. Спортхочун менеджерна Магомедов Ризванна тIе а тевжаш, иштта хаам бина ша-шех пачхьалкх олучу республикан пачхьалкхан кхеташоно Стигалкъекъа-беттан 29-чохь. Визит юхаяьккхина "Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Гуьржийн а агIор Америко шена елла виза дIаяккхарх а, UFC-ца лела юкъарло а, Америкаца долу контракташ а дохарх болчу кхерамца доьзна", аьлла Магомедовс, боху  "Эхо Кавказа" проекто. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 21 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 293

Radiomarsho.com 

ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 21 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 293 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативного штабан хаамца, Краснодар-махкахь, Ставропол-махкахь - ялх, в Кхарачой-Чергазийчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь  - цхьаъ. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 250 стаг. Краснодар-махкахь ду уггаре даккхий дараш, лахара - Адыгейхь. Краснодар-мохк + 94 (48 331 ерриг хенахь) Ставропол-мохк + 75 (54 785) Дагестан... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *