Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 31.05.2021

"Москва-Сити" комплексехь герзаш диттинчу дагестанхошна кхел йина Москвахь

Radiomarsho.com 

Латархойн "Скорпион" спортклубан декъашхой хиллачу Исмаилов Мохьмадна а, Хамидов Эльдарна а кхел йина Москвахь. Пресненскан кIоштан кхело бина и хаам. 2017-чу шарахь "Москва-Сити" куьпахь герзаш кхийсарна бехкелеринчу Исмаиловна 16 шо тоьхна набахтехь даккха, ткъа Хамидовна - 15 шо. Юьхьанца дуьйна прокуроро 19,5 шераш дехнера цу шинна. Талламан версица, "Москва-Сити" комплексан дайх цхьаъ Юшваев Гавриил ларвеш болх бен Исмаилов, дагестанхойн тобан коьрте а ваьлла, летта Росгвардин белхахойх. Харцхьа лелаш... Читать дальше...

Нохчийчу ца витина Израилан журналист

Radiomarsho.com 

Москварчу Шереметьево аэропортехь сацийна Израилера журналист Оьрсийчу ца витина. Коронавирусца доьзна документаш цуьнгахь цахилар лерина инцидентан бахьана. Политикан буха тIехь дара ша лаьцна латтор аьлла, хета журналистана.

Джумаевн гIуллакх кхидIа а таллийта сацам бина кхелахоша

Radiomarsho.com 

Москварчу кхело дуьхьало йина Джумаев Сайд-Мухьаммадан хьокъехь шаьш бина сацам бовзийта. Кхин а цхьайолу факташ талла Iалашо хилла кхелахойн, хаам бина адвокато. Маршо Радионо яздира, Москвахь митингехь ницкъхойх леттачу Джумаевна 5 шо хан тохар дехарх прокурора шоьтан дийнахь. ТIаьххьара кхел а ерзош, сацам бийр бу аьлла, билгалдаьккхинера таханалера де. Джумаевн гергарнаш, да-нана доцург, цхьа а чу ца витина йоьдучу кхеле. Москварчу кхелахоша рогIера кхеташо кху шеран Товбеца-беттан 4-чу дийне дIатеттина аьлла... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу ширачу эсаллех документалан кино яккха дагадеана Кадыровна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Республикан культуран тIаьхьалонех йоккхучу документалан филман соавтор хила лаам шен хиларх дIахьедина Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан синбахамаллин министрца Любимова Ольгица цхьана дийца дагахь ву иза Нохчийчоьнан дозана тIехь мел йолчу эсаллех. "Это Кавказ" ресурсо бина цунах лаьцна хаам. Культуран тIаьхьалонан массо а гIишлош юхаметта а хIоттийна, уьш ларъян дагахь ду шаьш аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс. "Дукхахйолу шира гIишлош а, тайпанийн бIаьвнаш а тIемаш бирзинчул тIаьхьа хIаллакйина яра. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 18 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 265

Radiomarsho.com 

ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 18 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 265 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативного штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 велла, Кхарачой-Чергазийчохь- кхоъ,  Ставропол-махкахь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла.  Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 515 стаг. Краснодар-махкахь ду уггаре даккхий дараш, лахара - Адыгейхь. Краснодар-мохк + 95 (48 426 ерриг хенахь) Ставропол-мохк... Читать дальше...

Newsru.com сайто дIакхайкхийна, шаьш болх сацош хиларх лаьцна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Newsru.com хаамийн гIирсо дIакхайкхийна, Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь дуьйна болх сацош бу шаьш аьлла. Порталан сайтехь бина цунах лаьцна хаам. Ресурсо болх сацор "экономикан бахьанашца ду, амма уьш пачхьалкхерчу политикан ситуацино хIиттийна ду" аьлла, яздина бинчу хааман авторша. "2014-гIа шо дирзинчул тIаьхьа дуьйна къаьсташ дара, коьртера дуьйна географи хийцаелла ца Iаш, арахьара политика а, чуьра экономика а цхьана хийцалуш хилар", - аьлла, яздина хаамийн гIирсан дIахьедарехь. Читать дальше...

Нохчийчу воьду Израилан журналист юхаверзийна Москвара

Radiomarsho.com 

Шоьтан суьйранна Москварчу Шереметьево аэропортехь Оьрсийчу ца витина Израилан вахархо, юкъараллан-политикан газетан журналист. И хаам бина Кавказ.Реалии портало. Москвахь кема а хуьйцуш, Берлинера Соьлжа-ГIала воьдуш хилла иза, амма масех сахьтехь хеттарш динчул тIаьхьа Германи юха хьажийна. Коронавирусца доьзна документаш цуьнгахь цахилар лерина инцидентан бахьана. Амма, журналисто дийцарехь, карарчу хенахь иза могуш хиларх а, йина вакцинаци ярх а тоьшаллаш хилла цуьнгахь. Хиллачух дийцина Кавказ.Реалии... Читать дальше...

Белхороев Якъубан гIуллакх таллар чекхдаьккхина. Бехкаш тIехь дисна цунна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламан депутат хиллачун, шайхан БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллин хьалханчан Белхороев Якъубан гIуллакх листина дели, хаам бина "Кавказский узел" ресурсо. Яхначу аьхка бехкзуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал. Пачхьалкхан хазнера 20 миллион сом гергга ахча лачкъийна аьлла, бехкаш дехкина цунна. Регионерчу социалан страхованин Фондан урхалла цо дечу заманчохь, цуьнан гергарчара а, бевза-безачара а заьIап ду бохуш, харц кехаташ а хIиттийна, пенсеш оьцуш хилла. Талламчашна хетарехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *