Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 17.05.2021

Израилна гIортор ярна КIайн ЦIийнехь мархадастар даздарна бойкот йина Америкерчу бусалбанаша

Radiomarsho.com 

Америкерчу бусалбан юкъараллаша бойкот йина сийлахь Рамадан бутт дIаберзарца доьзна кIиранан-дийнахь КIайн ЦIийнехь хиллачу виртуалан Ид ал-Фитр (Марха досту де) даздеш, царна хетарехь, Байденан администрацино Израило палестинахошна тIехь ницкъ барна гIортор ярна. КIайн ЦIийнан корреспондента Видакусвара Пэтсис кечйина цунах лаьцна материал.

Басаевн тобанехь хилла рогIера тIемало лаьцна Ставропол-махкахь

Radiomarsho.com 

Ставропол-махкара вахархо Куванаев Багаудин лаьцна Iедалша, 1999-чу шарахь, Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла деш, Дагестанна динчу тIелатарехь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш.

Германино бакъо елла "Къилбаседан Iовр -2" яр кхидIа дахьа

Radiomarsho.com 

Германин хIордан кеманаш дIасалеларан а, гидрографин а федералан агенталло бакъо елла "Къилбаседан Iовр -2" (Nord stream-2, Северный поток -2) газан биргIа тасар кхидIа дахьа, цIена шайн экономикан зонехула. Цунах лаьцна хаам бина оцу хьукмато шен сайта тIехь. БиргIа яр сацийнера Стигалкъекъа-бутт болалуш, экологаша кхеле хьажийна лехам (иск) бахьана долуш. Цара чIагIдо, 5-ъа хIордан йихкинчу меттигехула чекхйолучу биргIано юхаметтахIотто аьтто боцу зен дийр ду Балтин хIордан экологина, вочу агIар Iаткъам бийр бу олхазарша бенаш дарна. Читать дальше...

Ставропольехь вахархо лаьцна 1999-чу шарахь Дагестанна тIелатарехь дакъалацарна шеконца

Radiomarsho.com 

Ставропол-махкара вахархо Куванаев Багаудин лаьцна Iедалша, 1999-чу шарахь, Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла деш, Дагестанна динчу тIелатарехь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш. Куваевна бехке дуьллург ду тIеман мятеж яр, низамаш лардон органийн белхахо а, эскархо а вен гIортар, хаам бина де хьалха Оьрсийчоьнан Талламан комитетаy зорбан сервиcо. И гIуллакх толлуш ю Къилбаседа Кавказан федералан гонехула йолу талламан урхалла. Талламан версица, 1999-чу шарахь Товбеца-баттахь Куванаев... Читать дальше...

Дагестанера яхархо къера хилла ша шен майра вейтарна

Radiomarsho.com 

Дагестанские Огни гIалара 32 шо долу яхорхо лаьцна, цо шен майра вийна хила мега аьлла шеко кхоллаелла. Цуьнца цхьана дIалаьцна 39 шо долу хIинца оцу зудчуьнца веха стаг а, 17 шо долу кхин цхьа кхиазхо а, хаам бо Кавказ.Реалиино, Дагестанехула йолчу чоьхьарчу гIуллахийн министраллана тIе а тевжаш. Таллам дIахьуш зудчо динчу тоьшаллашца, инцидент хилла Стигалкъекъа-беттан 9-хь. Хилла майра Iехийна стунненан хIусаме кхайкхина хилла, ткъа цигахь цуьнга хьоьжуш хилла и кхоъ. Зуда йитийта имам волчу вуьгу аьлла... Читать дальше...

Израилан кеманаша онда тохарш дина Газа асанехь

Radiomarsho.com 

Израилан тIеман авиацино боккхачу барамехь ракеташ йиттина оршотан буса Газа асанехь. Хилларг гинчу Reuters агенстван корреспондента дуьйцу 100 сов тохар дарх лаьцна, хаам бо Радио Свободано. Израилан армин твиттерехь хаам бина, тохарш дина хиларх лаьцна Газа асанерчу "террористийн объекташна". Ша аьлча, ракеташ тоьхна 9 цIанна, Израилан тIеман ницкъийн векалша чIагIдарехь, ХЬАМАС тобан штаб-хIусамаш хиллачу.     Associated Press агенство хаам бина лелхарш хилира аьлла, 10 гергга минотехь... Читать дальше...

Земана сонталла ю аьлла, Чехи Оьрсийчоьно "доттагIаллин йоцучу" пачхьалкхашна юкъатохар  

Radiomarsho.com 

Чехин Республика "доттагIаллин йоцучу" пачхьалкхашна юкътоха бина сацам сонталла ю, дIахьедина Чехин президента Милош Земана, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шелъйеллачул тIаьхьа, талламан сервисан болх бахьана долуш къийсам эккхарна, хаам бо "Амеркан аз" зорбан гIирсо. Оьрсийчоьнан а, Чехин а юкъаметтигаш телхира, оьрсийн дипломаташ ПрахIера цIа а хьовсош, Охан-баттахь, Чехин Iедалша Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервис бехке йинчул тIаьхьа, 2014-чу шарахь герз латточу складехь, ши стаг а вуьйш, эккхийтар дарна. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *