Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 05.07.2021

Уьнах ларбала гIерта Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу маьждигашка нах буьтур бац вакцинех чекбевлла аьлла, карахь кехат дацахь. Ткъа чубитинчара лардан деза санитаран дехкарш

Тбилисехь радикалаш тIелетта Маршо Радион журналисташна

Radiomarsho.com 

Тбилисехь, Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан гIишлонна уллехь тIелатар дина Маршо Радион Гуьржийн сервисан журналисташна Мандария Торникена а, Коридзе Датона а, хаам бо Свобода Радионо. И шиъ хилла шаьшшинна белхан декхарш кхочушдеш. ТIелатар динчара йохийна журналистийн белхан техника. Гуьржийчоьнан коьртачу гIалахь, Тбилисехь оршотан дийнахь къепедацарш хилла, суьйранна хила езачу ЛГБТ-н акцин дуьхьалончаша дакъа а лоцуш. Цкъачунна лаьцна стаг ву аьлла хаам кхаьчна бац. Хьалхо зорбанан гIирсаша хаам бира... Читать дальше...

Чингисханан цIарах керла аэропорт схьайиллина Монголехь

Radiomarsho.com 

Коронавирус бахьана долуш цхьана шарана тIаьхьатеттинчул тIаьхьа Монголехь кеманаш тIеэца а, дIаэхийта а йолаелла керла дуьненаюкъара аэропорт. Цо лелор ю юккъерчу бIешерашкарчу монголийн турпалхочуьнан Чингисханан цIе.

Тыва а, Алтай а, ГIалгIайчоь а уггар къен кхо республика лаьрра Оьрсийчохь. Нохчийчоь ю – 72-гIа

Radiomarsho.com 

Тыва а, Алтай а, ГIалгIайчоь а уггар къен кхо регион лаьрра Оьрсийчохь 2020-чу шеран жамIаш деш. Къаа декъах цхьа дакъа къоьллехь дехаш ду Тува республикерчу бахархойх. Цунах лаьцна хаам бо "РИА Новости" агенталло ша бинчу талламна тIе а тевжина. Къен хиларан тIегIанал а лахарчу хьолехь бехачу нехан терахь ду Тувахь 34,1%. Оцу категорина юкъахь бу тIедогIу рицкъ уггар а лахарчу алапал (МРОТ - минимальный размер оплаты труда. Кхушеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь иза ду - 12 792 сом) а лахара долу бахархой ... Читать дальше...

COVID-19 ун даьллачул тIаьхьа велла кинорежисёр Меньшов Владимир

Radiomarsho.com 

Москвахь коронавирусан инфекци яьллачул т1аьхьа велла кинорежиссёр Меньшов Владимир, хаам бо Свобода Радионо Мосфильмана тIе а тевжаш. Режиссеран дара 81 год. Мангалан-бутт чекхболуш хаам бинера Меньшов COVID-19 кхетта хиларх лаьцна, магар яра яйн кепехь. Меньшовс яьхначу киношна юкъахь уггар евзачерах ю "Любовь и голуби", "Ширли-мырли" , "Москва слезам не верит".  1981-чу шарахь оцу тIахьарчу фильмана "Оскар" совгIат делира Американ киноисбаьхьаллин академино, кхечу пачхьалкхийн маттахь яьхначарна юкъахь уггар дика кино ю иза аьлла. Читать дальше...

Нальчикехь вийна Европан адамийн бакъонашкахула кхеле латкъам бина хилла тутмакх

Radiomarsho.com 

ГIебартойн-Балкхарочоьнан меттигерчу къоман антитерроран комитетан белхахоша Нальчикехь вийна 2005-чу шарахь оцу гIалана тIелатар дарехь дакъалацарна чувоьллина хилла Хупсергенов Хасанби. Дийцарехь, иза хилла леррина контртерроран операци дIахьуш. Хупсергеновца цхьана вийна, антитерран комитетан версица "террорца доьзна зуламаш дан дагахь хилла" кхин а 4 стаг. ТАСС агенталло бичу хаамца, сатоссуш регионерчу оперативан штабо контртерроран операцин (КТО) раж кхайкхорах Нальчикехь. Баксанехь а цхьана юкъаялийра КТО-н раж сатесначул тIаьхьа. Читать дальше...

COVID-19 уьнна дуьхьал 300 эзар стагана вакцина тоьхна Нохчийчохь  

Radiomarsho.com 

300 эзар сов вахархочунна вакцина тоьхна Нохчийн республикехь COVID-19 вирусна дуьхьал. Цуьнах лаьцна хаам бо меттигерчу "Грозный-информ" агенталло, Нохчийчуьрчу могушаллан министраллана тIе а тевжаш. Дийцарехь, республикехь жигара дIайоьдуш ю коронавирус инфекцина дуьхьал вакцина тохар. Могушаллан министраллерчу хьастано чIагIдарехь, Нохчийчуьрчу "массо а поликлиникашкахь а, дарбанан цIийнашкахь а раьгIнаш хIиттина" COVID-19-на дуьхьал маха тохийта луучеран. Могушаллан министралло чIагIдарехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *