Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 12.07.2021

"Лелорг моттаргIа ю, иза лачкъийна". ГIебарта-Балкхаройчохь вийначун вешин арз

Radiomarsho.com 

Пхи стаг вийна ГIебарта-Балкхаройчохь ницкъхоша Товбецан-беттан 3-чу буса лерина операци дIахьош. Халкъан антитетрроран комитетехь дIахьедина, уьш "терроран тохарш дан кечлуш бара", аьлла. Байъинчех цхьаъ ву Хупсергенов Хьасанби. Цуьнан дегIа тIехь гIело йина хилар гучудаьлла шайна, боху гергарчара. Хупсергенов Ахьмада шен ваша вер дуьззина таллар доьхуш, арз чуделла Талламан комитете. Хупсергенов вацара цхьана а герзахошца юкъарло лелош, иза дIаволла кечвеш шайна цуьнан дегIа тIехь ларш карийна ток йиттина... Читать дальше...

ГIурбан дийнахь Москвахь къевлина хир ду маьждигаш

Radiomarsho.com 

ГIурбан де даздар Москвахь дIахьура ду кхушара онлайн-рожехь. Цунах лаьцна хаа бо"Коммерсант" газето, Оьрсийчоьнан бусалба динан урхаллина тIе а тевжаш. Рузбан ламаз дийр ду Оьрсийчоьнан коьртачу гIалин цхьана коьртачу маьждигехь, кхечу маьждигашкахь а, ткъа иштта меттигерчу динца йоьзначу вовшахтохаршкахь а иза дан ца оьшу аьлла хьехар дина динан урхалло. Москварчу динан урхаллана хетарехь, бусалбанаша гIурбан дийнахь шайн хIусамашкхь кхолла деза дездийнан сурт, муфтис бечу дездийнан хьехаме онлайн-рожехь ла а дугIуш. Читать дальше...

"Беркате гӀуллакх" дарна совгIат дина Путина Кадыровн нанна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "Беркате гIуллакх дар" бтлгало яларца совгIат дина Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина. И совгIат делла цунна "гIоьналлин а, юкъараллин а гIуллакх" дарна, аьлла ду официалан низамийн информацин интернет-порталехь. Кадырова Аймани президент ю регионерчу юкъараллин Кадыров Ахматан фондан. И фонд юкъатоьхна ю Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн сакцийн тептарна, "Магнитскийн глобалан Акт" низам бухе а диллина. Оцу тептарна юкъатоьхна бу Американ Iедалша адамийн бакъонаш талхош болу нах. Читать дальше...

Интернетехь оппозицин агIонашка хьежарна кегийрхой чехийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Интернетехь оппозицин агIонашка хьежарна меттигера виъ вахархо чехийна ницкъаллин структурийн белхахоша, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цаьрца леррина "профилактикан къамел деш" яьккхина видео гучуяьлла кIиранан дийнахь, Товбеца-беттан 11-хь "ЧП-Чечня" инстаграмерчу агIонехь. Видео тIехь гуш дерг хуьлуш ду Аргунерчу полицин (ОМВД) декъехь. Синтем бойъу мукъам а балош (дуьйцург хезаш дац) видео тIехь гойтуш ву кортош а охкийна пенаца дIахIоттийна меттигера 4 вахархо. Цаьрца къамел ду деш, чохь кегийрхойн гергарнаш а болуш. Читать дальше...

Молдавехь хиллачу харжамашкахь тоьлуш бу президентан Майа Сандун агIончаш

Radiomarsho.com 

Молдавехь рогIера боцчу парламентан харжамашкахь дакъалаьцначу 12 партехь парламенте чекхяьлла 3. Президентан Майи Сандун агIончийн ПДС партино гулдина харжамхойн 47% кхаьжнаш. Цунна дуьхьал хиллачу коммунистийн а (хьалхаваьлла ву хилла президент Воронин Владимир), социалистийн (хьалханча хилла президент Додон Игорь) блокана шайн кхаьжнаш дIаделла 31% харжамхоша. Бизнесхочо Шор Илана куьйгалла дечу "Шор" национал-консерваторийн партино гулдина 6,65% кхаьжнаш. И жамIаш дIакхайкхийна Товбеца-беттан... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *