Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 10.07.2021

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах 48 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 1004

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 48 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 1 004. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 22 стаг, Ставропол-махкахь – ворхI, Дагестанехь – ворхI-ворхI, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а - цхьацца. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах вахархо 11 755 стаг. Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь, ХIирийчохь бу уггар кIезиг. Читать дальше...

ГIалгIайчуьра ши стаг лачкъийна вигина

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Плиево эвлара ши вахархо Горчханов Микаил а, Плиев Анзор а лачкъийна вигина аьлла, дIахьедина церан гергарчара. 26 шо долу Горчханов а, 29 шо долу Плиев а лачкъийна пIераскан Iуьйранна, уьш бигина меттиг хоуьйтуш яц. Микроавтобус а, "Нива" машен а яра и шиъ вига еанарг, оцу машенашкахь эвлайисте дIабигира уьш аьлла, хаамбина шен Фейсбукерчу агIонехь "ФортангаORG" ресурсо, церан гергарчашна тIетевжина. YouTube-хь зорбане яьккхинчу видеокамераша дIаязъйинчуьнца гуш ду, тIаьхьий-хьалхий некъатIехула дIайоьлху КАМАЗ... Читать дальше...

Терроризм къобалъярна таIзар дина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Ростов гIаларчу тIеман кхело бехке вина ТIехьа-Мартанара Цечоев Рохьман терроризм бакъйина аьлла, амма гIуданах хьалхаваьккхина. Цечоевна бехке диллинера, социалан машанашкахь террорхойн дикачу агIор мах хадош роликаш зорбане яхар. Талламан а, кхелан а версица, 2018-чу шарахь Цечоевс "Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанахь а волуш, массарна а гучу социалан майданахь йиъ видеофайл а, йозанца цхьа пост а хIоттийина" хилла исламхойн тIемалоша, "ишта "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан байракха бухахь а цхьана" бечу тIеман дикачу агIор мах хадош. Читать дальше...

Керла штамм бахьанехь Оьрсийчохь 14 процентна алсамдевлла баларш

Radiomarsho.com 

Стохкалерачу шарца дуьстича, Мангал-баттахь Оьрсийчохь баларш 14 процентна ала мегар долуш алсамдевлла. Пачхьалкхан вице-премьера Голикова Татьянас бина цунах лаьцна хаам. Оьрсийчохь керла коронавирусан "дельта" олу штамм яржарца дузу цо баларш цIеххьана дукха хилар. Билггал маса стаг велла дуьйцуш дац, амма стохка Мангал-баттахь беллачу нехан терахье хьаьжча тIекхиа хала дац. 163 эзар гергга вара стохка уьнах оцу хенахь велларг. Ткъа байначу баттахь кхелхина 185 эзар сов дархо. Мангал-бутт бовш... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *