Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2021

Новости за 25.07.2021

Къилбаседа Кавказехь 64 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 1 298 – цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 64 пациент, цомгуш хилла кхин 1 298. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 27 вахархо, Дагестанехь - кхойтта, Ставропол-махкахь -ворхI, Кхарачой-Чергазийчохь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь - виъ, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - кхоккха, Адыгейхь - цхьаъ. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 12 623 стаг, боху официало. Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Ставропол-махкахь, лахара – Адыгейхь. Читать дальше...

Ставрополехь полицин хьаькам вийна аьлла бехкехетарг лаьцна

Radiomarsho.com 

Ставроплерчу Андроповн кIоштан дозана тIехь лаьцна, регионерчу номер 4 йолчу полицин зулам къасторан декъан хьаькаман гIовс волу Абовян Руслан вийна аьлла, шеконаш хилла 28 шо долу стаг. Хаам бина Ставрополан кIоштарчу Талламан комитетан урхаллан пресс-гIуллакххоша. Лаьцначуьнгара яьхна, дийцарехь, тапчанийн бетташ а, патармаш а. Цхьа могIа экспертизаш ян лерина бу цуьнан хьокъехь, шайлахь баллистикан а, дактилоскопин цхьаьна йолуш. Абовян Руслан верна бехке хила тарлуш болу нах а бу лоьхуш ишта. Читать дальше...

COVID-19 вирусах ечу вакцинацин кепашна а, деттачу дозанашна а дуьхьал Европерчу мехкашкахь протесташ хилла

Radiomarsho.com 

Масех Европан пачхьалкхашкарчу урамашка бевлла иттаннашкахь эзарнаш бахархой, коронавирусан ун ца даржийта ечу вакцинацин низамашна шаьш реза цахилар дIахаийта. Къаьсттина дукха нах арабевллера Францехь, динчу лараршца, цигахь дуьхьал ваьлла хилла 160 эзар стаг. Ресторанашка а, кхечу нах гуллучу меттигашка а воьдучу заманчохь лерина карахь бакъо хила езаш юкъадаьккхинчу низамна дуьхьал демонстраци бевллера уьш. Иштта реза бацара уьш, массо а медицинан белхахошна прививкаш яр тIедожорна а. Доккхачу декъанна... Читать дальше...

Вакцинаци йина аьлла, сертификаташ эцначарна бертаза мехий диттина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Коронавирусна дуьхьал прививкаш йина шаьш аьлла, мах белла харц сертификаташ эцначу итт сов стагана нуьцкъаша вакцинаци йина Нохчийчохь, хаам бина  Baza телеграм-канало. КIира хьалха Соьлжа-ГIалахь каравеара 63 шо долу Тучаев Джамалайла. Бакъоларъяран органийн версица, бух боцуш харц кехаташ деш хилла цо, вакцинаци йарх тоьшалла деш. Камерана хьалха дIахIоьттинчу цо дIахьедира "ша нийса цахиларх". Цуьнца цхьаьна полицин декъе валийнера цунна гIо дина ву аьллачу шеконшаца Дудаев Алихан а. Тучаевна стенна оьшу а ца хууш... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *