Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 31.10.2021

Байден цхьаьнакхетта Эрдоганца америкахойн-туркойн юкъаметтигаш гIоьртина хиларан фонехь  

Radiomarsho.com 

КIайн ЦIийнан векалша дIахьедина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена кIиранан дийнахь Римерчу G-20 саммитан йистошкахь "вуно конструктиван дийцарш"дIадаьхьна аьлла Туркойчоьнан президентца Эрдога Реджеп Тайипца. Цхьаьнакхетар хилла гIоьртина хьал лаьтташ а долуш, Вашингтонна а, Анкарана а юкъахь стратегин цакхетамаш буьсуш а болуш. "Президента къаьсташ  бовзийтина Туркойчоьнца конструктиван юкъаметтигаш дIанисъян а, цакхетамех хьалхадовла эвсара кеп лаха а болу шен  лаам", ... Читать дальше...

Абу-Дабехь UFC 267 чемпионатехь юха а толам баьккхина Чимаев Хьамзата

Radiomarsho.com 

Абу-Дабехь UFC 267 чемпионатехь латар дIадаьхьна Нохчийчохь винчу Швецера латархочо Чимаев Хьамзата а, китайхо Ли Цзинляна а. Чимаев тоьлла хьалхарчу раундехь, садукъош кеп а хIоттийна. ММА-н каьрьерехь Чимаевн иза могIара дIа 10-гIа толамбаккхар дара 10-лагIа латарехь. 18 толам баьккхинчу Цзинлянан иза ворхIолгIа эшар дара. Латар дIадоладале Чимаевн проблемаш хиллера терзан тIехь иза узуш. Терзана т1ехь волуш шена хьалха лаьцна гата  цо схьалацарна. д1алацарна суьдхой шек бевллера цо хьарамлонаш лелош хила мега аьлла. Читать дальше...

Харжамийн шолгIачу муьрехь оппозици эшна "Гуьржийчоьнан сатийсам" партина

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь ГIадужу беттан 31-хь Iуьйранна сатоссуш дIадирзина кхаьжнаш дагар дар муниципала харжамийн шолгIачу мурехь. Кхажтасар дIадахара шот дийнахь 30-хь. "Немцойн тулгIено бинчу хаамца, Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партин кандитаташа толам баьккхина 20 муниципалитетех 19-хьа, ша аьлча Тбилисехь а, Кутаисехь а, Батумехь а, Потихь а, Руставехь а. Цаленджихан муниципалитетехь, Гуьржийн малхбузехь, толам баьккхина оппозицин "Цхьааллин къоман болам" партин кандидата Харчилава Гиоргийс. Харжамийн коьртачу комиссино далочу терахьшца... Читать дальше...

Холмачалла лелорна Росгвардино кхо зуда лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Росгвардино а, полицино а, холмачалла лелорна бехке а йина, кхо зуда лаьцна Нохчийчохь. Оцунах лаьцна хаам бина республикерчу пачхьалкхан телевизионо. Сюжетехь дуьйцуш ду, дIалаьцначаьрца профилактикан къамел дина хиларх лаьцна. Кхаа зудчух цхьаннах лаьцна аьлла, иза жинашца тайна ю аьлла. ГТРК "Грозный" телеканалан репортажна тIе тидам бахна Кавказ.Реалиин редакцин. Бинчу хаамца, шеконца лецнарш гучубаьхна хилла Росгвардин "Юг" олучу батальонера гIуллакхъхоша а, Соьлжа-ГIаларчу полицин декъо а. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *