Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Нохчийчохь Iалам карзахдаларо дина зе дагардина Кадыровс

0
Вуно онда мох а хьокхуш, даккхий догIанаш делхаро зенаш дина Нохчийчохь. Дохийна цIенош а, социалан объекташ а. Мохо хедийна тоькан серий, галъяхна газан биргIанаш, зе дина школашна, дарбанан цIеношна.


Хи доцуш йисина Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан кIошташкахь цхьамогIа ярташ. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо  Кадыров Рамзана, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.







Цо дийцарехь, Хьалха-Мартанан кIоштахь Гехи, Гехи-Чу, Рошни-Чу ярташкахь дохийначу цIенойн терахь хила мегаш ду 350 гергга. Цу кIоштахь зе дина тIекIелдинчу шина цIанна, 4 школина, кIоштан дарбанан цIанна, культуран кхерчана. ЛЭП тоькан серий хедийна 11 эвлахь, галъяхна газанан биргIанаш.


ТIехьа-МартантIехь Котар-Юьртахь зе дина ду 70 цIа, Янди-кIотарахь - 48, ТIехьа-МартантIехь - 3. 6 эвлахь ток яц, билгалдаьккхина Кадыровс.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *