Iайшина гIо дан концерт елла ГIалгIайчохь
Цунах доккхаха долу дакъа дойур ду хIара бутт болалуш гергарчу зудчо йиттинчу ГIалгIайчуьрчу йоIанна гIо дан, хаам бина цу республикан культуран министро Базоркин Микаэла.
7 шо долу Iайша Товбеца-беттан 5-хь Москох клинике дIакхачийнера дегIа тIехь йина дуккха а еза чевнаш а йолуш. И чевнаш цунна йина аьлла лаьцна ю йоIан дейиша. Цунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх.
ТIаьххьара болчу хаамца, йоIан аьтту куьг дIадаккха ца оьшуш дисаре сатуьйсуш дарба лелош бу хIинца а лоьраш.
