Нохчочунна йина кхел хийца реза ца хилла суд
Хьалхо дийцина ма хиллара, кхушара Оханан-беттан 15-хь Ростох Къилбаседа Кавказан тIеман кхело 7 шаранна колоне хьажийра Габзаев. Талламан версица, Соьлж-ГIалахь ша вехачу хIусамна хьалха цо шена вевзачу 2 стаге къамелаш дина хиллера, цу шинга тIемалойн агIор тIом бан Шема ваха веза бохуш.
Габзаевн адвокаташ цу хьокъехь латкъам бинера лакхарчу инстанце. Амма Оьрсийчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла, Къилбаседа Кавказан тIеман кхелан сацам хийца, иза ницкъ болуш а буьтуш.
