Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

110 000 стаг электросерло йоцуш висина Нохчийчохь

0
110 эзар сов Нохчийчуьра вахархо висина Iалам карзахдаларна электросерло йоцуш. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан энергетикан министралло.


- Кхаарин Iуьйранна 4 сахьт даьллачу хенахь дуьйна хенан хIоттаман хьелаш талхарна (онда догIа, 25 километр секундехь мох) аварин кепахь ток яллар сецаш ду электросерло йоькхучу меттигешкахь, - аьлла ду цу хаамехь.


Карарчу хенахь ток йоцуш юьсуш ю Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан а, Гуьмсан а кIошташ. Цу тайпаниг хилахь а аьлла кхоьллина сервисаш болх беш ю ток ялар меттахIоттош.


Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, цхьайолчу ярташкахь ондда догIа тоьхна ладарш чудевлла хIусамашкахь. 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *