Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2019

Шемахь гIум-арехь байна зударий а, бераш а карийна Ал-Раи гIаларчу набахтехь

0
Шемахь байна зударий а, бераш а карийна Алеппона 70 гергга километр къилбаседехьа Туркойчоьнан дозанца Iуьллучу Ал-Раи гIаларчу набахтехь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас.




 


Хьалхо хаамаш баьржинера шайн берашца цхьаьна 17 жима зуда яйна Шемарчу гIум-арехь аьлла, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Болчу хаамца, шаьш лоьхуш хилар хиина царах дIакъаьстина хилла цхьа зуда зIене яьлла хилла Саратоваца, шеца хилларш чубоьхкина бу Ал-Раи гIалахь аьлла. Уьш муьлхачу къомах бу хьахош дац.


Саратовас дийцарехь, зударий а, бераш а латточу набахтина Iуналла деш бу туркойн эскархой.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *