Ун даьлла нах дукха хиларца дуьненчохь 2-чу меттигехь ю Оьрсийчоь
![Ун даьлла нах дукха хиларца дуьненчохь 2-чу меттигехь ю Оьрсийчоь](https://gdb.rferl.org/CEBCCF96-274A-4213-BD18-6EDC0B76480B_cx0_cy2_cw0_w800_h450.jpg)
Британи а, Испани а тIаьхьа а юьтуш, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна тIаьхьайогIу Оьрсийчоь, коронавирусан ун даьлла бахархой дукха хиларца. Цунна тоьшаллаш далийна эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабо.
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 10 899 ун даьлла пациент дIакъастийна Оьрсийчохь. Дарба хилларг ву 3 711 стаг.
Верриг а ун даьлла ву 232 243 пациент. Iамеркехь куп тоьхначу Хопкинс Джонан Университетан зерашца, COVID-19 вирус кхетта Британехь 224 332 пациент ву, ткъа Испанехь а 227 436 вахархо.
Worldometrics агрегаторо Испани дIаяьккхича, Оьрсийчоь 3-чу меттиге язйина, ткъа цомгаш нах жигарбовларца 2-гIа меттиг елла цунна.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь коронавирусах велла 107 пациент. Пачхьалкхехь эпидеми яьржичхьана, Iедалхойн статистикаца, 2 116 стаг кхелхина. Дарба хилла 43 512 вахархочунна.
Официалан хаамашца, кху заманчохь Оьрсийчохь верриг а ун даьлларг ву 186 615 стаг.