Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2020

ГIалгIайчуьра хьаькам бехкевина 3, 5 миллионна пачхьалкхана зен дарна

0
ГIалгIайчуьра Пенсин фондан белхахочунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх кхеле кхин дIа листа кхачийна. Иза таIзаре хIоттийна, цо Iедалан 3,5 миллион сом лачкъийна аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло, прокуратуран дIахьедарна тIе а тевжаш.


Талламчийн версица, дуьненахь воцучу шина стеган цIарах пенси хIоттийна хилла цо 2011-чу а, 2018-чу а шерашкахь, харц информаци юкъарчу бази чу а йоккхуш. Иштта, харц банкан картанаш дахийтина, пенсеш цу тIе дохуьйтуш хилла цо.






Дерриг а цо шен кисана диллинарг ду 3,5 миллион сом. Бехкевечуьнна ахча охьадиллийтар тIедожош, кхеле латкъамбина ГIалгIайчуьрчу Пенсин фондан декъо. Магасан кIоштан кхеле гIуллакх листа дIахьажийна прокуратурано. Хьаькам бехке хIоттийна Зуламан кодексан 159.6-чу артиклца аьлла, хаамбина ГIалгIайчоьнан прокуратурано шайн сайтехь шинарин дийнахь .






 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *