Ставропольехь вахархо лаьцна 1999-чу шарахь Дагестанна тIелатарехь дакъалацарна шеконца
Ставропол-махкара вахархо Куванаев Багаудин лаьцна Iедалша, 1999-чу шарахь, Басаев Шемила а, Эмир Хаттаба а куьйгалла деш, Дагестанна динчу тIелатарехь дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш.
Куваевна бехке дуьллург ду тIеман мятеж яр, низамаш лардон органийн белхахо а, эскархо а вен гIортар, хаам бина де хьалха Оьрсийчоьнан Талламан комитетаy зорбан сервиcо. И гIуллакх толлуш ю Къилбаседа Кавказан федералан гонехула йолу талламан урхалла.
Талламан версица, 1999-чу шарахь Товбеца-баттахь Куванаев шен лаамехь дIакхетта хилла тIемалойн тобанах, жигара дакъалаьцна деза а, тIех деза а зуламаш дарехь. Цо билггал динарг къастош ду.
1999-чу шарахь дуьйна 2020-чу шерашка кхаччалц бехке вина а, 3-19 шераш тоьхна чувоьллина а ву Дагестанан Цумадан а, Ботлихан а кIошташна тIелатар деш дакъалаьцна 80 сов стаг, дагадоуьйту Талламан комитетан зорбан сервисо.
Бехктакхаман гIуллакхаш дIачIаьгIна 7 тIемаочунна дуьхьал, уьш балар бахьана долуш. Iедалша лоьхуш ву кхин а 28 стаг.
Дагестанехь 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатар дина аьлла кхушара Зазадоккху-баттахь чувоьллира Ставропол-махкара Акбулатов Акбулатов Мавлимберди (14 шо), Бегельдиев Тахир (14 шо), Отепов Нариман (13 шо).
Федералан эскаршна дуьхьал Нохчийчохь тIом барна жоьпе ийзош бу амнисти йина нах а. Кавказ.Реалиино шуьйра дийцира цу тайпачу вежарех ИдаловгIерах хьакхалуш долчу цхьана гIуллакхах лаьцна.
Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а сих-сиха билгалдоккху тIемалой бу аьлла лецначу наха кхелашкахь дIахьедарш деш хилар, шайгара тоьшаллаш даьхна ницкъ а бина бохуш.