Дагестанера яхархо къера хилла ша шен майра вейтарна
Дагестанские Огни гIалара 32 шо долу яхорхо лаьцна, цо шен майра вийна хила мега аьлла шеко кхоллаелла. Цуьнца цхьана дIалаьцна 39 шо долу хIинца оцу зудчуьнца веха стаг а, 17 шо долу кхин цхьа кхиазхо а, хаам бо Кавказ.Реалиино, Дагестанехула йолчу чоьхьарчу гIуллахийн министраллана тIе а тевжаш.
Таллам дIахьуш зудчо динчу тоьшаллашца, инцидент хилла Стигалкъекъа-беттан 9-хь. Хилла майра Iехийна стунненан хIусаме кхайкхина хилла, ткъа цигахь цуьнга хьоьжуш хилла и кхоъ.
Зуда йитийта имам волчу вуьгу аьлла, Дербентан кIоштарчу Зидьян-Казмаляр эвлан гергарчу хьуьнха вигна иза цара. Цигахь дов даьлла урс диттина вен а вийна, тIе гIаш а хьаькхна д1ахьулвина цара иза.
Кхаамо а мукъарло дина шаьш зулам дарна, талла долийна бехктакхаман гIуллакх. Адам дерна жоьпе озийна йолчу зудчо дийцина, майрчо еттар шена, маларш а мелара, цо "дахар дохийнера шен" аьлла.
Хьалхо Дагестанерчу Ансалтахь 200 сов стага митинг хIоттийнера некъан полицин белхахочунна леррина тIе машен тоьхна аьлла меттигера вахархо дIалацар бахьана долуш.
Доьзалехь буй-тIарий дар криминалан зулам лоруш дац Оьрсийчоь. Оцу юкъана Къилбаседа Кавказера регионаш, бакъонашларъярхоша бечу хаамашца, хьалхарчу меттигашкахь ю махкахь, зударшна тIехь ницкъ барехула.