Коронавирус Къилбаседа Кавказехь: велла 25 стаг, цомгуш хилла кхин а 261
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 261 стаг.
Iедалера болчу хаамца, Краснодар-махкахь ун кхеттачу нахах велла 12 вахархо, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь – шишша, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. И дараш а чулаьцча, Къилбаседа Кавказехь, официалан терахьашца, COVID-19 цамагарх велларг хуьлу 9 675 стаг.
Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун даьлларш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Адыгейхь а, Нохчийчохь а.
Краснодар-мохк + 93 (47 021 пандемин ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 55 (53888)
Дагестан + 38 (33 037)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 18 (24 092)
ГIалмакхойчоь + 11 (20 626)
Кхарачой-Чергазийчоь + 11 (20 259)
ГIалгIайчоь + 10 (15 609)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (16 880)
Нохчийчоь + 8 (12 148)
Адыгей + 8 (14 556)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь ун гучудаьлла 258 116-зза. Ткъа и терахь ерриг а Оьрсийчохь ду 4 940 245.*
*Оьрсийчоьнан статистика юкъаэцна ду аннекси йинчу ГIирмера коронавирусах долу терахьаш.