Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
22
23 24 25 26 27 28 29 30 31

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 18 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 265

0
ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 18 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 265 стаг.


Уьнна дуьхьалоечу Оперативного штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 велла, Кхарачой-Чергазийчохь- кхоъ,  Ставропол-махкахь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла. 


Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 515 стаг.


Краснодар-махкахь ду уггаре даккхий дараш, лахара - Адыгейхь.


Краснодар-мохк + 95 (48 426 ерриг хенахь)

Ставропол-мохк + 48 (54 833)

Дагестан + 46 (33 609)

ГIалмакхойчоь + 12 (20 820)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 14 (24 327)

Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (20 445)

Нохчийчоь + 9 (12 293)

ГIалгIайчоь + 11 (15 775)

Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 004)

Адыгей + 7 (14 674)


Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 ун гучудаьлларг ву 262 204 стаг. Ерриг Оьрсийчохь иза хаделла, Оперштабан Стигалкъекъа-беттан 31-чу  денна болчу хаамашца, 5 071 917* стагехь.


*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *