Нохчийчуьрчу заьIапхочунна 40 200 евро компенсаци ялар тIедожийна Оьрсийчоьнна
Полисхоша ялхозза герз тоьхна заьIапхо виначу Соьлжа-ГIаларчу вахархохочо Абдулханов Ризванан бина латкъам хьокъехь бина сацам бовзийтина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ECHR). Маршо гатъеш а, адамашана тIе куьйгаш кхоьхьуш а, нийсонца кхел ярехь дозанаш детташ а Оьрсийчоьнан Iедалхоша низамаш lдохийна аьлла, тIечIагIдинчу ЕСПЧ-но Абдулхановна 40 200 евро компенсаци дIало аьлла.
"Iазапашна дуьхьалояран Комитето" хаам барехь, 2009-чу шарахь дийцина Абдулхановс бакъоларъярхошна, 2006-чу шарахь ГIуран-беттан 4-чу буса полицин белхахоша Соьлжа-ГIаларчу кхуьнан цIенна уллохь лерина операци дIахьочу заманчохь шена автомат йеттарх. Чевнаша кхетамчуьра ваьккхина Абдулханов меттавеанера Соьлжа-ГIаларчу 9-чу дарбан цIийнехь, герзаца йина ялх чов а йолуш.
2006-чу шеран Дечкен-беттан 5-чохь талламчийн тоба еанера АбдулхановгIеран цIа. Цуьнан хIусамнанас дицарехь, герз тесна хиллера цунна ницкъхоша.
2009-чу шарахь Лахьан-беттан 18-чохь гIаттамхошлахь хилла а ву, Iедалхошна дуьхьал ницкъ баьккхина, бакъо йоцуш герз а лелийна аьлла бехкаш дехкира цунна. Набахтехь даккха пхи шой, ялх буттий хан туьйхира цунна кхело, амма 2010-чу шеран Зазадокху-баттахь цуьнан цамгарца доьзна, таIзар тIех луьра ду аьлла, арахь яккха магийра йиссина хан.
ШолгIачу группан инвалид ву аьлла, кехаташца тIечIагIдира хIетахь Абдулхановна. Чевнаш дукха йина хиларна а, букъдаьIахк лазорна а Iасанашца дIасалелаш ву иза, даим а уллохь цхьаъ хила везаш хьал ду цуьнгахь, билгалдоккху "Iазапашна дуьхьалояран Комитето".
Талламчаша бехкзуламан гIуллакх ца даьккхина Абдулхановна герзашца чевнаш ярна а, лоьрийн гIо а доцуш, иза витарна а яздо бакъоларъярхоша.
"Цунна тIехь ницкъбарна а, бух боцуш герзаца цунна чевнаш ярна а, кхачо йоллуш и гIуллакх Iедалша теллина цахиларна а бен ЕСПЧ-н кхеле латкъам бина бац оха. Абдулханов Ризванца Iоттаделлачуьнца стаг Iалашваран а, цуьнан коьртачу маршонан а Конвенцин 2-гIа артикл йохийна хилла аьлла, хета тхуна", - дIахьедина "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Садовская Ольгас.
Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, полисхоша тIемалой бара бохуш, дIакхийкхочу наха кхелашкахь дIахьедеш хиларх, тIехь ницкъбина, бехкаш шайга тIелецийтарх.