Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 45 дархо
![Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 45 дархо](https://gdb.rferl.org/374dd0e5-1546-44ce-9b20-af481941bf0a_w800_h450.jpg)
Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 45 пациент, цомгуш хилла кхин а 944.
Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 23 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а – кхоккха, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла.
Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 11 661 стаг.
Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь.
Краснодар-мохк + 212 (53 534 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 180 (58 5I2)Дагестан + 183 (37 167)
ГIалмкхойчоь + 97 (22 278)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 52 (25 281)
Кхарачой-Чергазийчоь + 41 (21 144)
ГIалгIайчоь + 37 (16 441)
Адыгей + 37 (15 263)
Къилбаседа ХIирийчоь + 32 (17 538)
Нохчийчоь + 73 (13 296)
Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 280 454 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 707 452* .
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.