Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2018

Францин тоьллачу спортхошна юккъехь 6 нохчо билгалваьккхина

0
Йоллучу Францехь даханчу 2017-чу шарахь уггаре а кхиаме хилла спортхой базбаран церемони дIаяхьира оршот дийнахь Ниццехь. Цу даздаршкахь дакъалоцуш 400 сов спортхо вара. Францин чемпионаташна тIера Европан а, Дуьненан а къовсамашка кхаччалц хиллачу турнирашкахь толамаш баьхнарш а, ткъа иштта Олимпикан ловзаршкахь дакъалаьцнарш а, толаман меттигаш баьхнарш а бара церан могIаршлахь.


Францин тоьллачу спортхошна юккъехь 6 нохчо а вара. Маьршачу кепехь латаршкахь а, дзюдохь а, боксехь а, джиу-джитсухь а цу пачхьалкхан чемпионаш бевлла  кегирхой бара уьш.


Ала догIу, Европерчу пачхьалкхашкахь тоьлллачу спортхошна юккъехь дуккхаъ а нохчийн къомах  спортхой хилар. Къаьстина, латаршкахь а, боксехьа, ММА олучу ийдинчу латарийн кепехь а толамаш бахарца гIарбевлла бу уьш. Масийтаза Францин чемпион ваьлла маьршачу кепехь латархо Дадаев Муслим. Польшехь уггаре а вевзачех спортхо ву Халидов Мамед, ийдинчу латаршкахь дуьненчохь тоьллачу 10 спортхочух цхьаъ ларалуш волчу.


Маьршачу кепан латарехь кхузза Германин чемпионо ваьлла Накаев Дени.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *