smi24.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 04.03.2018

Харжамашна леринчу бараме бертаза бигина Нохчийчуьра бахархой

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин, Устрада-ГIалин, Гуьмса кIоштан хьукматийн белхахоша шаьш бертаза дигира аьлла "Кавказан узел" агенталле, махкахь дIаяьхьначу Оьрсийчоьнан президентан харжамашна лерина машенаш хохкучу акци. Кегийрхойн "Ахмат" боламан жигархоша вовшахтоьхна автомобилаш хахкар дIадаьхьна масех Нохчийчоьнан кIошташкахь. Иштта карарчу беттан 5-чу дийнахь дIаяхьа Iалашо ю харжамашна лерина спортан флешмоб. Дийцарехь, оцу бараме гулван лаам бу инициаторийн 5 эзар стаг. Харжамашка дуккха а нах бахкийтархьама... Читать дальше...

Дагестанан кIоштахь антитерроран операци дIахьош ю

Radiomarsho.com 

КIиран Iуьйранна Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь контртерроран операци дIаяхьаран раж хIоттийна. Къоман антитерроран Комитетан оперативан штабо шен пресс-релизехь бина и хаам. Полисхой бу тIемалой а, церан агIончаш а лоьхуш.

Харжамашна лерина машенаш хаьхкина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Герга кхочучу Оьрсийчоьнан президентан харжамашна лерина автомобилаш хаьхкина Нохчийчохь. Пачхьалкхан байракхаш, транспоранташ тIеоьхкина машенаш ТIехьа-Мартана кхаьчна, цигахь кIошатн коьртачу майданахь хьеший тIеэцна, кху беттан 18-чу дийнахь хинболчу харжамашкахь хIора а декхарийла хилар дIакхайкхийна кхаж таса ван. Акцин инициаторш хилла "Ахмат" патриотийн клубан жигархой а, махкара ДОСААФ а, хаамбина мэрехь.

Герз духкуш хилла вахархо лаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу цхьана вахархочун цIийнах хьоьвсича Калашниковн автомат а, гранаташ а, сигналан минаш а, 6 эзар сов патармаш а карийна полисхошна. Ницкъаллийн структурийн белхахоша шоьтадийнахь лаьцнера вахархо, герз духкуш хиларца шеконаш кхоллаелла, яздо "Новости" агенатлло. Бехкзуламан гIуллакх а диллина, талламаш болийна вахархочун хьокъехь.

Родригес: Кадыров Дела хетахь Нохчийчохь, цуьнан дуккха а ахча а ду

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнах шен кхоллаелла ойланаш йовзийтина "Ахмат" клубан ловзархочо Лима Леонардо Родригеса. "Нохчийчохь Iаламат маьрша ду дIасалела, цхьа а сагIадоьхург ца кхийтира суна дуьхьал урамашкахь. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дуккха а ахча ду боху, цо мискачарна гIо до а боху. Кхузахь Дела хета Кадыров, цо цхьа а тесна ца вуьту дела. Нохчийчохь кхерамзалла лаккхара хилар гойту, Мисарара футболан тоба 2018чу шеран чемпионатна Соьлж-ГIалахь кечам беш хиларо а", - аьлла Родригесан дешан далийна Yahoo Esportes Brasil.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *