Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 11.03.2018

Iамеркахоша виза ца елла Нохчийчуьрчу ММА латахочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу ММА латархочунна Тайсумов Майрбекана виза ца елла Iамеркахоша. Иза лата везаш вара Iамеркерчу спортхочуьнца Данэм Эванца. Иза хIинца хуьлийла дац, боху Тайсумовн векалша, яздо "Кавказ.Реалиино". Нохчийчуьрчу спортхочунна хета шена виза ца ялар политикан бух болуш ду аьлла. Хьалха ша Iамеркехь летта, цхьа а проблемаш яцара шен, бохуш чIагIдо цо.

Iамеркахоша виза ца елла Нохчийчуьрчу ММА латархочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу ММА латархочунна Тайсумов Майрбекана виза ца елла Iамеркахоша. Иза лата везаш вара Iамеркерчу спортхочуьнца Данэм Эванца. Иза хIинца хуьлийла дац, боху Тайсумовн векалша, яздо "Кавказ.Реалиино". Нохчийчуьрчу спортхочунна хета шена виза ца ялар политикан бух болуш ду аьлла. Хьалха ша Iамеркехь летта, цхьа а проблемаш яцара шен, бохуш чIагIдо цо.

Си Цзиньпин куьйгалхо виса магош хийцамаш бина Китайхь

Radiomarsho.com 

Ерриг Китайн халкъан векалийн гуламо мехкан Конституцина тIехь хийцам бина Китайн Халкъан Республикан гIантдена Си Цзиньпина цу даржехь яккха магочу ханна зил тохар юхадоккхуш. Цу сацамо бакъо лур ю цунна шен даржехь виса билгалаъяьккхина йоцучу ханна. Конституцин тIетохар тIеэцна хIора шарахь хуьлучу кхеташонехь, тахана, Зазадоккху-беттан 11-чу динахь. Ши делегат дуьхьал хилла цу хийцаманна, кхоъ шайна хетарг ца хоуьйтуш сецна. Кхаж тасарехь дакъалаьцна 3000 делегато.

Къибаседа Корейца кечдечу дийцаршка сатийсарца хьоьжу Трамп

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Корейца дIахьур долу дийцарш гIуллакх дохарца дIадерза мега, я цара дохьур ду Пхеньянан зарратан программа хьокъехь хIоьттина чолхе хьал достушш "инзаре доккха бертадахарца", аьлла дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Доналда. "Со сихха дIаваха мега, я оха дерриг а дуьненна инзаре барт бан мега", - аьлла Трапма шоьтан дийнахь Пенсильванехь хиллачу митингехь вистхуьлуш. Iамеркан президенто дийцарехь, иза тешаш ву Къилбаседа Корей машар безаш хиларх а, дийцарш дIахьош а долуш, Пхеньяно ракеташ хоьцур яц бохучух а.

Оьрсийчоьнна дуьхьал гIулчаш яха кечлуш ю Британи

Radiomarsho.com 

Британин Iедалан векалш дагадовларш дIахьош бу Iамеркерчу а, Европерчу а шайн бартахошца, муха жоп дала деза нагахь Британин шпионана Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIовш даларна тIехьа лаьтташ Москох хилахь, бохург хьокъехь, хаам бо ББС-но. "Таймс" газето Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь яздина, Оьрсийчоьнна дуьхьал йохур йолчу гIулчашна юкъахь хила мега цу пачхьалкхехь хир йолчу Дуьненан Футболан чемпионатана бойкот яр а, ткъа иштта Малхбалехь дIатардинчу НАТО-н эскарийн терахь алсамдаккхар а. Читать дальше...

Калугехь «Мисс-Этно 2018» хаьржина Нохчийчуьра Бециева Мадина

Radiomarsho.com 

Калуган кIоштIахь дIабаьхьна «Мисс-Этно 2018» къовсам. Цигахь дакъалоцуш хилла 12 къоман мехкарий, яздо "Кавказ тахана" зорбанан гIирсо. Ша аьлча, Калугерчу кегийрхойн центрехь «Мисс-Этно 2018» цIе къовсуш хилла Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Эрмалойчуьра а, Азербайджанера а, Украинера а, Якутера а, Гуьржийчуьра а, Китайра а, Узбекистанера а, Замбера а, Израилера а декъашхой. Кхаа тайпана кIовсаман жамIаца коьрта совгIат даьккхина Нохчийчуьрчу Бециева Мадинас.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *