Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 21.03.2018

"Ад-Дияр": Путина Шема хьажор ву 100 эзар нохчо

Radiomarsho.com 

Путин Владимира Шемара цIабалош бу цигахь тIом беш болу Оьрсийчуьра эскархой, церан метта 100 эзар нохчо хьажо, чIагIдо Либанерчу  "Ад-Дияр" газето, хаам бо Кавказ.Реалиино. Амма журналисташа ца дуьйцу мичара хиъна царна Оьрсийчоьнан президентан планех лаьцна. "Ад-Дияр" газето яздарехь, Нохчийчохь вехаш ву 30 миллион стаг. Ткъа цу республикан арми ю 2 миллион эскархочух лаьтташ. Репортераш дийцарехь, царна тренингаш йинарг ву Путин Владимир. "Ад-Дияр" газето чIагIдарехь, "Оьрсийчоьнан армин... Читать дальше...

Юсупов Iилман. Нохчийчоьне

Radiomarsho.com 

Тахана - Поэзин Дуьненаюкъара Де. Маршо Радионо кху дезачу дийнан хьомара йовзуьйту поэташлахь уггаре бIаьрла, сирла, хаза байташ язйийриг мила ву хаьттича, шен цIе нохчаша хьалхарчу могIаршкахь йоккхуш волчу Швецин яздархойн цхьаьнакхетараллин декъашхочун Юсупов Iилманан байт.

ЦIершца вовзийтина Нохчийчохь вийна 4 стаг

Radiomarsho.com 

Шинарин буса Нохчийчохь вийначу веа стеган цIераш йовзийтина республикан ницкъаллин структурийн органаша. Кавказ.Реалиино дийцарехь, царах кхоъ ву ГIлгIайчуьра 25 шо долу Сайдаев Сайфуллах Саид-Селимович (Коттоев Хаваж-Багаудин Саид-Селимович) а, 28 шо долу Алероев Асламбек Алимбекович а, 20 шо долу Медов Ахмет Султан Гиреевич а. ВоьалгIаниг вуьйцуш ву Дагестанера Таибов Назим санна. Уьш берш тIемалой хилла бохуш чIагIдо Нохчийчуьрчу Iедало. "Интерфаксо" бинчу хаамца, шинарийн буса тIематасадалар... Читать дальше...

Ши нохчо чувоьллина, Шема ваха дагахь хиларна бехке а вина

Radiomarsho.com 

Къилбаседа-Кавказан гонан тIеман суьдо хан кхайкхийна Нохчийуьрчу шина вахархочунна, Шема а вахана "Исламан пачхьалкх" олучу тIеман тобанах дIакхета дагахь хилла аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо". Кхелан сацамехь аьлла ду, Сугаипов Адам а, Мурдиев Юни а Туркойчухула Шема ваха дагахь хилла аьлла. И шиъ лаьцна дозанхоша Краснодаран аэропортехь талламан пунктехула чекхволуш. Сугаипов а, Мурдиев а бехке лаьрра "терроран организацехь дакъалаца кечлуш хилла" аьлла. Хьалхарчо набахтехь доккхур ду 7 шо... Читать дальше...

Iедалан белхан мах хадон комисси кхуллура ю гIалгIайн бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Меттигерачу Iедалан белхан мах хадош йолу комисси кхуллура ю гIалгIайн бакъонашларъярхоша а, юкъаралхоша а. Цуьнах лаьцна леррина дIахьедар дина «Яблоко» партин ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана. Цо бахарехь, оцу белхан тобанна юкъахь хир бу махкахь бевзаш болу политикаш а, диндай а ткъа  иштта лараме кхин нах а. Иштта, оцу тобанан белхан жамIаш довзуьйтур ду леррина цу гIуллакхана кхоьллинчу форумехь. Масех де хьалха ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека омар а делира... Читать дальше...

Facebook-ан болх толлуш бу Iамеркехь

Radiomarsho.com 

Iамеркан Махбарехула йолчу федералан комиссино таллам болийна Facebook-о бечу белхан хьокъехь, цо Cambridge Analytica-ца лелийна къаметтигаш бахьана долуш. Комиссино толлур ду 2011-чу шарахь арадаьлла указ Facebook-о кхочуш дар хьокъехь долу хаттар. Цу указца а догIуш, и социалан маша декхарелахь бара, Facebook-ах пайда оьцучу нахах лаьцна хаамаш кхоалгIачу агIоне дIабалале цу нахера бакъо яккха. Facebook-ан векалша хаам бина ББС корпорацин корреспонденте, Cambridge Analytica компанега муьлха... Читать дальше...

Виъ стаг вийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIемало ву аьлла 4 стаг вийна, хаам бо ТАСС агенталло. И тIеман операци дIаяьхьна ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Байинарш муьлуш бу цIершца буьйцуш бац.

Трампа президент харжарца декъалвина Путин

Radiomarsho.com 

Iамеркан президенто Трамп Доналда декъалвина Путин Владимир, юха а президентан харжамашкахь толам баккхарца. Цунах лаьцна хаам бина NBC News, КIайн ЦIийнан векална тIе а тевжаш.  Кхин билггала цу шимма телефонехула динчу къамелах лаьцна беш хаам бац.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *