Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 19.03.2018

Хьуьнха яхана зуда лоьхуш бу орцанхой ГIебартойн-Балкхаройчохь

Radiomarsho.com 

Кху беттан 18-чу дийнахь хьуьнха яхана зуда лоьхуш ю ГIебартойн-Балкхаройчохь. Орцалан министраллан белхахоша дIахьош ю операци, хаам бо Кавказ.Реалиино. Озрек эвлара яхархо яйна хиларх лаьцна хаам кхаьчна республикерчу МЧС-е селхана сарахь 5 сахьт долуш. Гергарчара хаам бина иза хьуьнха яхана хиларх лаьцна. 9 сахьт даьлча зуда лехар сацо дезна Iарж ялар бахьана долуш. Тахан Iуьйранна юха а хьунха бахана орцанхой. Операцехь дакъалоцуш бу яйначу зудчуьнан гергарнаш а, Озрек эвлара бахархой а,... Читать дальше...

Евроберто емал дина Скрипална дIаьвшен тIелатар дар

Radiomarsho.com 

Еврбертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллахийн министрша емаk дина Британехь Оьрсийчуьрчу шалха агентана дIаьвшен тIелатар дар. Цара дIахьедар дина шаьш баккъалла а сингаттамца тIеэцна хилар, Лондоно и зулам дарна тIехьа лаьтташ Москох ю аьлла дина дIахьедар. Британис а, цуьнан бартхоша а бехке йина Москох кху беттан 4-чохь хилла дIаьвшен тIелатар дарна. Хууш ма хиллара, Солсбери гIалахь, дIаьвшен атака яр бахьана долуш, кхетамчуьра даьлла дуьсуш ду Скрипал Сергей а, цуьнан йоI Юлия а. Читать дальше...

Хьонке хьогмана боьлху Европера нохчий

Radiomarsho.com 

Хьонка боккху а, бухку а мур бу Нохчийчохь. Бохка базаршка баьккхича, хенера бовла таро ло цо болх-некъ боцчу Нохчийчуьра бахархошна. Амма Европера нохчий хьонке боьлху шайн даймохк дагабаийта.

Оьрсийчьнан президент хоржуш дакъалаьцна 67 сов процент харжамхоша

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу кIирандийнахь хиллачу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаьцна 67 сов процент харжамхоша. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссин гIантден когаметто Булаев Николайс. Цу кепара, харжамийн каппашках баьхкинчу нехан терахь сов ду 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш болуш хиллачул а. Цу хенахь президент хоржуш дакъалецира 65,3 процент харжамхоша. Хууш ма хиллара, президентан харжамашкахь толам боккхуш ву Путин Владимир. Цунна шайн кхаьжнаш... Читать дальше...

Титиевн латкъам юхатоьхна Нохчийчуьрчу Лаккхарчу суьдо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдо таллам чекхабаьллалц набахтехь латто сацам бина бакъонашларъярхо Титиев Оюб. Ши кIира хьалха Старопромыслан кхело бина сацам ца хийцина суьдхочо Горбовцов Дмитрийс.  Титиевн авдокаташ арз динера цу сацамна. Иштта цара дехнера кхел йоьдучу хенахь, гуран чохь мукъане а ма латтавахьара иза аьлла. Иза а тIе ца дитина суьдхочо.

Дуьне ма-дду баьржина гора харжамхой…

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохьчул еха елахь бен, йоца яцара харжамхойн раьгIнаш Европехь, Азехь, Iамеркахь. Дипломатийн хIусамашка хIиттийначу каппашка а оьхуш, кхаьжнаш таса сахьташкахь лаьттира нах. Даймахкана юьстах беха нохчий а хаалора наггахь харжамхойн могIаршна гергахь – доккхачу декъанна, Путинехьа кхаьжнаш таса леринчаьрца къуьйсуш гора уьш.

Кхо Iамеркахо дIахеца мегаш ву Къилбаседа Корейно

Radiomarsho.com 

Iамеркан кхо махкахо дIахецар хьокъехь Вашингтонна а Пхеньянна а юкъахь дийцарш дIадоьлхуш ду Стокголмехь. КIирандийнахь Къилба Корейн MBC телевизионо бинчу хаамца, цу хьокъехь Къилбаседа Корейн а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а барт хилла ала мегар ду. Буьйцурш бу Iамеркахой Ким Хак Соне а, Ким Сан Дуке а, Ким Дон Чхоле а. Карарчу хенахь дийцаре деш ду уьш маьрша бохур болу де. Iамеркан лаам дIахоуьйтуш ю Къилбаседа Корейхь Швецин векалалла. Зазадоккхучу-беттан 9-чу дийнахь хиина, Iамеркан президент... Читать дальше...

Некъайисте нехаш охаьйоьхкинчуьнга шега дIаяхийтина уьш ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь меттигерачу бахархоша, нехаш эрна арахь дIакхоьссинарг схьа а лехна, цуьнга шега дIаяхьийтина уьш. Иза хилла шоьтан дийнахь Сурхота олучу эвлана уллехь. Буьйсанна "Кама"з машен юьззина нехаш некъа йистехь охьайоьхкина цхьаммо. Арахь деана догIа долун дела, машенийн ларшца карийна нахана иза динарг. Социалан машанера гIалгIайн жигархойн агIонаш тIехь бечу хаамца, охьайоьхкинчуьнга шега дIаяхьийтина нехан. ОьгIазбаханчу наха, кхечарна масал хилийтархьамма, куьйгашца машенна тIейоттийтина цу стаге ша охьаIанийна нехаш.

Соьлж-ГIалахь стаг вийна "Грозный-Ситина" хьалха

Radiomarsho.com 

"Грозный-Ситин" гIаролхочунна герзаца тIелатар дина оршотан буса, яздо "Кавказский узело". Болчу хаамца, герзаца хиллачу стага масийттоза травматикан тапча тоьхна гIишло ларйечунна. Цунна еза чевнаш чевнаш йина. Цхьаболчу хаамца, гIаролхочуьнан бIаьрг баьккхина. ТIелетардинарг вийна, орцах бевлла кхаьчначу полисхоша. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, и инцидент хилла лекхачу гIишлонийн территори тIехь йолчу зезагаш духкучу жимачу туькана хьалха. Официаан кепара цу хиламах лаьцна бина хаам бац, меттигерчу чьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Харжамийн коьрта косисси: Оьрсийчьнан президент хоржуш дакъалаьцна 67 сов процент харжамхоша

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу кIирандийнахь хиллачу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаьцна 67 сов процент харжамхоша. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссин гIантден когаметто Булаев Николайс. Цу кепара, харжамийн каппашках баьхкинчу нехан терахь сов ду 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш болуш хиллачул а. Цу хенахь президент хоржуш дакъалецира 65,3 процент харжамхоша. Хууш ма хиллара, президентан харжамашкахь толам боккхуш ву Путин Владимир. Цунна шайн кхаьжнаш... Читать дальше...

Харжамаш: комиссин декъашхочунна тIара тоьхна Дагестанехь, ткъа Краснодарехь бюллетенаш кегийна

Radiomarsho.com 

Муха дIабахара президентан харжамаш Къилбаседа Кавказехь? Виде яккхарна бетах тIара туьйхира ХIинж-гIалахь харжамийн коммиссин декъашхочунна, ткъа Краснодаран мехкан Кабардинка-юьртахь бюллетенийн туп чукхоьссира урни чу. Сочи-гIалахь тергамхой улле а ца битира урнашна – учи чохь латтийра уьш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *