Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2018

Малхбалерчу Гутера арабовлучу нахана гIо дина Кадыровн фондо

0
Кадыровн цIарахчу Юкъараллан фондо кхачанца а, хица а гIо дина Шемахь Малхбалерчу Гутера арабовлучу мухIажирашна.


Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" агIона тIехь.


Хьалхо хаам бина ма хиллара, Димашкана гергахь йолчу Малхбалера Гутера арайолуш ю кхин цхьа оппозицин тIемалойн тоба. Иза дан аьтто баьлла Iедалан ницкъашца цу хьокъехь барт хиллачул тIаьхьа.


Оппозицин "Файлак аль-Рахман" тобан тIемалой а, церан доьзалш а дIабоьлхуш бу Шеман къилбаседехьа йолчу гIаттамхоша Iуналла дечу Идлиб провинце. Маьрша бахархойн бакъо ю шайна лаахь Малхбалерчу Гутехь биса.


Верриг а цу меттигера аравала мегаш ву 7 эзар тIемало а, церан доьзалш а. И барт хилла, Оьрсийчуьрчу эскаран векалша юкъало а лелош. Цара чIагIдарехь, кху тIаьхьарчу баттахь Малхбалерчу Гутера дIавахана 100 эзар сов вахархо.


Бакъонашларъярхоша а, Шеман оппозицино а бехке йо Асад Башаран режим а, Оьрсийчоь а, тIеман операци дIахьош Малхбалерчу Гуте къиза бомбанаш еттарна.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *