Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Тапча латторна жоьпе озийна Нохчийчуьра вахархо

0
Бакъо а йоцуш, тапча а, патармаш а латторна бехе вина Шелан кIоштаоа вахархо (цIе йоккхуш яц), хаам бо "Кавказский узело".


Нохчийчоьнан прокуратуро бинчу хаамца, полисхоша цу стеган хIусамехь талламаш бича гучуяьлла цо къайлаха латтош хилла тапча а, ткъа иштта патармаш а.


Прокуратуро цу стагана бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш герз эцар а, дохкар а, латтор а, транспортаца я шен дегIаца иза лелор а.


Бехктакхаман гIуллакх дIакхачийна Шеларчу кхеле. Нагахь иза бехке хилар тIечIагIдахь лаьцнарг набахте хьажо мега, кхаа шаре кхаччал хан а тоьхна.


Прокуратуро далочу терахьашца, кхушарахь республикехь 38 стаг жоьпе озийна, изза зулам дарна шеко йолуш. Царах 6 лаьцна ву.


 


    














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *