Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 27.05.2018

Оьрсийчоьнан 4 эскархо вийна Шемахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан 4 эскархо вийна Шемарчу Дейр эз-Зор провинцехь тIемалошца хиллачу тIамехь. Цунах лаьцна хаам бина тIеман министралло. Цу хаамца а догIуш, тIемалоша буьйсанна тIелатар дина хилла Шеман Iедалан тIеман ницкъийн яккхийн тоьпаш йолчу тIеман декъана. Иза юхатухуш куьйгалла деш хилла Оьрсийчоьнан тIеман ши хьехамча оццу меттехь вийна. Чевнаш хилла 5 эскархо дIакхачийна хилла Оьрсийчоьнан тIеман госпитале. Лоьраша гIо дан кхиале царах шиъ велла.

Путина «Прямая линия» дIахьур ю Мангалан-беттан 7-чохь

Radiomarsho.com 

«Прямая линия» олу пачхьалкхарчу бахархойн хаттаршна телевизионехула жоьпаш луш конференци дIахьур ю Путин Владимира Мангалан-беттан 7-чу дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Кремлан зорбанан сервисна тIе а тевжаш. Иза дуьххьарлера цу тайпа конференци хир ю хIинца 6 шаранна президентан гIант дIалаьцначу Путинан, ткъа иштта 16-гIа хир ю иза 2001-чу шарахь дуьйна цо дIаяьхьначерах. Путина 11-зза жоьпаш делира мехкан бахархойн хаттаршна президентан даржехь а волуш, ткъа иштта диозза дира цо иза премьер-министро санна.

Герз дохкарна хан тоьхна шелахочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан суьдо бехке бина меттигера вахархо герз а, патарманаш а дохкарна. И зулам дарна луьрчу хьелашкахь колонехь яккха цхьа шой а, бархI бутт хан тоьхна цунна. Талламхойн версица а догIуш, цу стага (цIе йоккхуш яц) Соьлж-ГIалахь 1998-чу шарахь ша эцна хилла тапча а, патарманаш а доьхкина юьртахочунна. Кхеле озийначо бехк тIелаьцна.

Гуьржийн демократин пачхьалкх кхоьллина 100 шо кхачар даздина Тбилисехь

Radiomarsho.com 

Тбилисхь шуьйра даздина Гуьржийн демократин республика кхоьлина 100 шо кхачар. Даздаршкахь дакъалецира Еврокомиссин куьйгалхочо Юнкер Жан Клода а, ткъа иштта Эрмалойчоьнан а, Литван а, Латвин а, Полшин а, Словакин а, Финляндин а президенташа а. Тбилисин Маршонан майданахь эскаре хьажар дIадаьхьира, НАТО-н Гуьржийчуьрчу Iаморан базехь дIатардинчу гуьржийн армин дакъоша а, Iамеркан тIеман говзанчаша а дакъа а лоцуш. Майданахь гулбелларш хьаьжира гуьржийн йозуш йоцу пачхьалкх дIакхайкхор гойтуш хIоттийначу сурте. Читать дальше...

Кадыровга латкъам бина Ойсхарарчу бахархоша

Radiomarsho.com 

Ойсхарарчу бахархоша латкъам бина, цхьацца бахьанашца, школашкахь ахчанаш дохуш хиларх  а, "Фирдаус" фирмера дешархойн духар шайга оьцуьйтуш хиларх а лаьцна, яздо "Кавказский узело". Амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдина иза. "Кавказский узело" дийцарехь, Ойсхаран бахархойн цIарх Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга бахьийтинчу кхайкхаман текст кхаьчнера церан SMS-сервисна тIе Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь. Цуьнан авторша кхайкхам бина Кадыров Рамзане, шайн эвларчу школашкарчу хьолана тIе тидам бахийтар доьхуш.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *