Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 14.05.2018

Вилспеташ езарш дуккха хиларна...

Radiomarsho.com 

ДIахьаькхначу цIенойн метта дирзинчу кIиранах схьайиллинчу "Шали-Cити" куьпахь берашна вилспеташ йийкъира Iедало. Амма совгIаташ, уьш кIезиг хиларна, къийса дехира. Юха а аьшнаш еш гайтира Оьрсийчоьнан прессо Нохчийчоь.

ГIирмехь президентан харжамаш дIабаьхьначарна санкцеш тоьхна Евроберто

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь президентан харжамаш вовшахтохарна бехкехетачу пхеа стагна дуьхьал санкцеш яьхна Евроберто. Европан кхеташонан сайт тIехь билгалъяьхна санкцеш тоьхначийн цIераш. ГIирмера а, Севастополера а харжамийн комиссийн куьйгалхой бахна цу юкъа. Украина пачхьалкхан цхьаала йохорна аьлла, санкцеш тоьхна 155 стагна а, 40 компанийна а. Фейсбукехь Украинан президенто Порошенко Петра билгалдаьккхина, шен Францин президентца а, Германин канцлерца а цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа тоьхна дозанаш кхи а тIе шордина хиларх. Читать дальше...

" МоттаргIа бен яц Президентан гонера Бакъонийн Кхеташо"

Radiomarsho.com 

Вевзаш волчу журналисто Шевченко Максима дуьйцу Оьрсийчоьнан Адамийн Бакъонийн Кхеташонах лаьцна Шевченко Максима ша президентан гонерчу Адамийн Бакъонийн Кхеташонера араволу, аьлла, дIахьедина. Кху беттан 5-чохь (Путина президентан дарж караоьцуш) гIалгIазакхаша Москох протестхошна еттийтар, Iедало иза тергамза дитар цатайна шена, боху цо. Шен гIулчах лаьцна Шевченкос дийцира "Кавказ.Реалиига". "Кавказ.Реалии": Стигалкъекъа-беттан 5-чохь хиллачу,  гIалгIазакхашца йоьзначу инцидентаца а дузуш... Читать дальше...

Титиевна тIехь харцо ма лелаяйтахьара аьлла, дехар дина интеллигенцино Путине

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб ницкъаллийн структурийн харцонах Iалашвар доьхуш, кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан президенте искусствон, Iилман гIуллакхдархоша а, журналисташа а, Iеламчаша а. "Оьрсийчоьнан Конституцин гарант хьо хиларе терра оха доьху хьоьга катоьхна Титиевн гIуллакх листар федералан тIегIане дIакховдадайтар а, иза хьайн тергоне ахь эцар а, "Мемориална" тIаьхьабевлла лелар сацадайтар а", - аьлла бу кехатан чулацам. Кехатна буха куьйгаш яздина бакъонашларъярхочо Алексеева Людмилас а... Читать дальше...

Протесташ ю Газан секторан а, Израилан а дозанехь: байинарш а бу

Radiomarsho.com 

Иерусалимехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалт схьаелларна дуьхьалонан акцехь Газан секторан а, Израилан а дозанехь 10 сов палестинхо вийна Израилан эскархоша. 500 гергга стагна чевнаш йина. Reuters агенталло бина и хаам, Палестинан могушаллин министраллан хьосташна тIе а тевжаш. Al Jazeera телеканало дийцарехь, дуьхьалонан акцехь вовшахкхеттера 10 эзар ца кхоччуш палестинхо. Израилан тIемалоша ХАМАС тоба бехкейо зулам тIехьехарна. Де хьалха Израилан тIеман эскаро кехаташ тIехь кхайкхамбинера Газан бахархошка протесташка ма дийлахьара... Читать дальше...

Азимовн Нохчийчуьрчу гергарчаьрга барт хоьттуш бу полисхой

Radiomarsho.com 

Парижехь урс даьккхина, нахана тIелатар динчу Азимов Хьамзатан гергарнаш а, иза вевзарш а луьттуш бу Нохчийчуьрчу полисхоша. Болчу хаамашца, 14 шо дуьзна Оьрсийчоьнан паспорт оьцучу хенахь а Францин вахархо хилла Азимов, яздо "Интерфаксо". Нахаца уьйраш йоцуш, даим а компьютер тIехь ловзуш хуьлура иза, дийцина иза вевзачара. 2002-чу шарахь АзимовгIеран доьзал Франци дIабаханера. Иштта билгалдаьлла, Хьамзат медицинан колледжехь доьшуш хиллийла а. Маршо Радионо яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо... Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу аэропортехь лаьцна лехамашкахь хилла вахархо

Radiomarsho.com 

Кеманна тIе хуучарлахь талламаш бечу хенахь ГIалгIайчуьрчу Магасан аэропртан полицина гучуваьлла федералан лехамашкахь хилла 32 шо долу вахархо. Къилбаседа-Кавказерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан сайтехь бина и хаам. ТIехь ницкъ а беш, ахчанаш дахарна бехкевеш хилла иза. "Бехкзуламан гIуллакхах ведда, лечкъина лела и жимстаг лехамашка велла хилла", - аьлла, билгалдоккху урхалло шен хаамехь.

Эзар гергга мина яьккхина Нохчийчоьнан лаьтта бухара

Radiomarsho.com 

Къилбаседа-Кавказан тIеман декъан сапераша байначу баттахь дуьйнна буьйлабелла карара бутт юккъебаллалц схьа 430 гектар латтанаш дIацIандина Нохчийчуьрчу лаьмнашкарчу кIошташкахь хаамбо "Это Кавказ" хьостано. Республикан ворхI лаьмнашкарчу кIоштахь бина цара талламаш. Цхьана баттахь а эха баттахь а эзар сов мина яьккхина сапераша лаьтта бухара. Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а лаьмнашкара а, хьаннашкара а латтанаш толлуш, дIацIандеш кху шарахь юкъаозийна 400 инженерийн декъара эскархой а, 40 тIеман а, лерина а техника а. Читать дальше...



Нохчийчохь билгалдаккхаза ду марха лоцу де

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа кхайкхамбина махкахошка марха лоцучу буьйсанах шайг-шайгара хабарш ма даржадахьара, билггал маца лоцу хьалхара марха къаьстар ду шинарин буса аьлла. "Билггал муьлхачу дийнахь лоцур ду марха дIахоуьйтуш, мехкан муфтиятан информацин официалан гIирсаша хааме дуьллур ду" аьлла. Оцу юкъанна Оьрсийчохь бехачу бусулбачийн Кхеташоно хIинцале а билгалдаьккхина Рамадан бутт болало терахь.  "Рузмаца а догIуш, 2018-чу шарахь Рамадан бутт болало 15-чохь малх къайлабаларца. Читать дальше...

Парижехь тIелатар динчо ДаIишхошна байIат деш видео яржийна

Radiomarsho.com 

Парижехь тIелатар динчо байIат деш видео Iораяьккхина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Церан версица, Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимовс шена тIелатар даран бахьана Францино а, цуьнан агIончаша а Шемахь бомбанаш еттар ду аьлла. Маршо Радио ма яздарра, Парижехь уьрсаца динчу тIелатарехь оцу жимчу стага цхьаъ вийна, веанна чевнаш йина. Полисхоша дуьхьал герзаш тоьхна вийнарг Нохчийчуьра орамаш долу Азимов Хьамзат хилла. "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин хаамийн агенталло цо байIат деш видео яьккхина шайн агIон тIехь аьлла... Читать дальше...

Ца лаахь а, лууш санна

Radiomarsho.com 

Черкес Лариса ГIебарта-Балкхаройчуьрчу итнеллигенцино къаьмнийн меттанаш Iалашбар доьху Iедале Оьрсийчохь къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам Пачхьалкхан Думе тIе цачIагIдар деха шайн мехкан Iедал декхаредо ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Iилманчаша а, юкъараллахоша а. Жигархойн тобано билгалдоккху къаьмнийн меттанаш кIоргга кризисехь дохкуш хилар. Буьйцурш бу конституцино Iедалан статусехь кхобу чергазийн а (гIебартойн), балкхаройн а меттанаш. Билдаккха догIу, хьалхо ГIезалойчоьнан а... Читать дальше...

Казахстанехь Шемех дийцаршкахь дуьххьара дакъалоцуш яц Iамерка

Radiomarsho.com 

Шемара конфликт дIаерзон некъаш лоьхуш иссолгIа дийцарийн раунд схьайиллина Казахстанан коьртачу шахьарахь. Дуьххьара оцу форумехь дакъалоцуш бац Iамеркан делегаташ. Оршотдийнахь Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министран пресс-секретара Жаинаков Ануара журналисташка бинчу хаамца, дийцаршка кхочур ву ООН-ан Шемехула волу лерина векал Де Мистура Стаффан а. Шемарчу оппозицин делегаци а ю дийцаршка йогIуш шинарийдийнахь. Иштта Жаинаковс хаийтина, Iамерка дийцаршка хууш цахиларх а. Стохка Астана шайн... Читать дальше...

Францина муьлхха а гIо кхачо шаьш кийча ду аьлла Iамерко

Radiomarsho.com 

Парижан урамашкарчу нахана зуламхочо урсаца тIелатар дарца доьзна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Iедалша Францина муьлхха а гIо латто шаьш кийча ду аьлла. КIирандийнахь КIайчу цIийнан пресс-секретара Сандерс Сарас даржийна цу кепара дIахьедар. "Терроризман ямарт акт" емал а деш: "Тхо францхошца а, пачхьалкхан Iедалца а солидараллехь ду, тхо кийча ду муьлхха а кепара гIо кхачо", - аьлла, билгалдаьккхина Сандерса. "Iамерко урхалла дечу дуьненаюкъарчу коалицин "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн... Читать дальше...

Кадыров: Францина тIехь ду цу кIантах жоьпалла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимов Хьасана Парижехь динчу тIелатарх шена хетарг аьлла Кадыров Рамазана. "Шен 14 шо кхаьчначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан паспорт  даьккхина хилла цо. Тахана цуьнан карахь долу паспорт лелаш дац, хIунда аьлча, 20 шо дуьзча хийца дезаш и хилла дела. Цундела дIахьеда деза аьлла хета суна,  Азимов Хьасан харцахьачу новкъа валарна жоьпалла Францин Iедалхошна тIехь ду. Дуьненчу валар Нохчийчохь хилар бен, кхиар, дуьнене болу хьежамаш францхойн юкъараллехь нисделла цуьнан", - аьлла, яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *