Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 05.05.2018

Оьрсийчуьрчу "Он нам не царь" акцешкахь полицино лаьцна 600 сов декъашхо

Radiomarsho.com 

Ерриг а Оьрсийчохь "Он нам не царь" (Иза тхуна паччахь вац) цIе йолчу дуьхьалонан акцешкахь полицино лаьцна 600 сов декъашхо. Цунах лаьцна хаам бина бакъонашларъярхойн ОВД-Инфо портало. Царна юкъахь ву оппозицин боламан лидерех цхьаъ волу Навальный Алексей а. Навальный лецира полисхоша иза Москох гIалин юккъехь гучуваларцана.    ​ Президентан Путин Владимиран инаугурацина тIейоьгIна Iедална дуьхьал акцеш хилла Оьрсийчуьрчу масийтта гIалахь. Саратовхь хилла дуьхьалонан акци дIаяхьа бакъо елла яцара Iедалша. Читать дальше...

Росгвардин дакъош тIеузуш ду Москох Навальныйн агIончаша акци дIахьочу метте

Radiomarsho.com 

Москох Пушкинан майданахь дIахьош ю оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша вовшахтоьхна "Он нам не царь" (Иза тхуна паччахь вац) цIе йолу акци. Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, цигахь гулбелла Кремло латточу "Къоман маьршадаларан болам" а, "ТIеман вежаралла" а цIе йолчу тобанийн декъашхой. Уьш маьхьарий бетташ бу "Майданана" дуьхьал, Навальный питанча ву бохуш а. Цхьаберш гIалгIазакхийн духар доьхна болу и нах бага лееш бу Навальныйн агIончашка. Москох гIалин юккъе тIеузуш ду полицин, Росгвардин а дакъош а. Читать дальше...

Оппозиционер Ляскин лаьцна Москох Маршо Радион бюрона хьалха

Radiomarsho.com 

Полицин белхахоша Москох Маршо Радион Оьрсийн сервисан бюрора араволуш лаьцна оппозиционеран Навальный Алексейн накъост Ляскин Николай. Иза дакъалоцуш вара "Он нам не царь" (Иза тхуна паччахь вац) цIе йолчу Москох Шоьтан дийнахь дIахьочу акцина хьажийначу "Настоящее время" проектан онлайн телеэфирехь.

Талламан комитето таллам бина чекхдаьккхина Титиевн гIуллакх

Radiomarsho.com 

Талламан комитет теллина яьлла "Мемориалан" Нохчийчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гуллакх, хаам бо "Мемориало" Telegram-хь. Бакъонашларъярхо бехке вина, йохка Iалашо а йоцуш, бакъо а йоцуш, боккхачу барамехь наркотикаш лелорна.   ПIерасканан сарахь талламхоша йовзийтинчу версица, Титиевс шен машена чохь лелош хилла ши ларча кIомал. Титиевн адвокаташ тIера ца бовлу и гIуллакх леррина кхоьллина ду, ткъа наркотикаш машенчу кхиссина ю бохучунна.

Тапча латторна жоьпе озийна Нохчийчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Бакъо а йоцуш, тапча а, патармаш а латторна бехе вина Шелан кIоштаоа вахархо (цIе йоккхуш яц), хаам бо "Кавказский узело". Нохчийчоьнан прокуратуро бинчу хаамца, полисхоша цу стеган хIусамехь талламаш бича гучуяьлла цо къайлаха латтош хилла тапча а, ткъа иштта патармаш а. Прокуратуро цу стагана бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш герз эцар а, дохкар а, латтор а, транспортаца я шен дегIаца иза лелор а. Бехктакхаман гIуллакх дIакхачийна Шеларчу кхеле. Нагахь иза бехке хилар тIечIагIдахь лаьцнарг набахте хьажо мега, кхаа шаре кхаччал хан а тоьхна. Читать дальше...

Кадыровс гIо даьккхина буьрка санна цициг ловзийначу шина спортхочуьнгахьа

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо даьккхина буьркана метта вовшашка цициг дIасакхийсинчу "Беркут" клубан спортхошкахьа. Цициг ловзош видеоролик инстаграмехь зорбане яьккхина Оьрсийчоьнан самбон чемпионо Дураев Алберта. Цу тIехь ши стаг ву буьрка санна цициг ловзош. Республикан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь яздина спортхоша "кIеда-мерза ловзарца дIасакхоссара цициг" аьлла. Кадыровна хетарехь, дийнат хьийзор Iалашонца ца дина цушимма иза.

Краснодарехь чувоьллина Твиттерехь забар йина меттигера вахархо

Radiomarsho.com 

Краснодаран кхело 5 денна чувоьллина "Къилбаседа Кавказехула экологин тергамхой" тобанан жигархо Чириков Виктор. Цунах лаьцна цо ша хаам бина социалан машанехь. Полисхой баьхкина хилла Чириковн хIусаме Стигалкъекъа-беттан 4-чу дийнахь. Къамел дан вуьгу аьлла, полицин декъе вигна иза цара. Цигахь юкъараллан жигархо сацийна, бакъо а йоцуш, митинг вовшахтоха дагахь хилла аьлла, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Чириков бехке варан бахьана ду, цо забаренна Стигалкъекъа-беттан 5-чохь шайн хин йолчу акцехь дакъалаца Эрмалойчоьнан бахархой кхайхкар. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *