Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 12.05.2018

Нохчийн 7 шо долу йоI йийна карийна Венехь

Radiomarsho.com 

ПIерсакана сарахь дуьйна лоьхуш хилла 7 шо долу нохчийн йоI йийна карийна Венерчу Дёблинг кIоштахь. Шоьтан Iуьйранна нехаш гулйечу контейнерна чохь карийна иза, хаам бо Австрин "ХIойте Тахана" газето. Билггала хилларг хIун ду хууш дац. Шайн йоI яйна хиларх лаьцна полицин департаменте хаам бина хиллера Диттшоф олучу кварталехь бехачу цхьана доьзало. Цу сохьта арабевллачу полисхоша сахиллалц лехна иза, тхевнаш а, гIишлошна бухура чоьнаш а, кхин йолу меттигаш а толлуш. Iуьйранна нехаш дIаяхьале... Читать дальше...

Титевна совгIат делла Москох ХIелсинкин тобано

Radiomarsho.com 

Адамийн бакъонаш ларйеш къонахалла гайтарна "Мемориалан" Нохчийчохь йолчу векалаллан куьйгалхочунна Титиев Оюбана совгIат делла Москох ХIелсинкин тобано. Европехь кхерамазалла хилийтарх а, цхьаьнакъахьегарах а лаьцна ХIелсинкехь тIеэцна барт Советан пачхьалкхехь кхочуш беш накъосталла дан кхоьллинера и юкъараллан (Москох ХIелсинкин тобано) тоба Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь 1976-чу шарахь.

Полицин а, демонстрантийн а тасадаларш хилла Тбилисехь

Radiomarsho.com 

Шоьтан буса полицин тобанаша рейдаш йина хилла буьйсанна болх бечу Тбилисерчу клубашкахь. Цунна реза боцу нах арабевллера дуьхьалонан акцешка. Полисхой чулилхинарг яра "Басиани" а, "Галерея" а цIе йолу Тбилиси гIалин юккъера ши клуб. ТIаьхьо чохьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дира, леррина операцеш цигахь дIаяхьар доьзна дара цу клубашкахь наркотикаш юхкуш хилар аьлла. "Басиани" а, "Галерея" а клубашкахь талламаш беш лаьцна 8 стаг. Царна бехке диллина наркотикаш яржор. Клубашкахь садоIуш хиллачу наха дуьхьало йина полисхошна. Читать дальше...

Оьрсийчохь уггаре къена пенсионер ю Нохчийчуьра яхархо

Radiomarsho.com 

Карарчу хенахь Оьрсийчохь вехачу уггаре хене ваьллачу пенсионеран ду 128 шо. Цунах льацна хаам бо Газета.ру интернетан гIирсо, Пенсин фондана тIе а тевжаш. Иза ю 1889-чу шарахь Товбеца-беттан 1-чу дийнахь дуьненчу яьлла Нохчийчуьра яхархо. РИА Новостино дийцарехь иза ю Ломаз-Юьртара Истамбулова Кхокха. Фондо хаам барехь, Оьрсичохь пенси оьцуш ву 110 шаре ваьлла 37 вахархо. Царах дукхаха берш бехаш бу ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а. 100 шарал тIех бевлла... Читать дальше...

Каталонин куьйгалхо хоржурш ву меттигерчу парламенто

Radiomarsho.com 

Каталонин парламенто автономин куьйгалхо хоржуш кхаж тосур бу тахана, шоьтан дийнахь. И мохк Испанех бозуш боцуш хиларехьа болу депутаташа цу дарже хьалхатеттина Торра Ким. Каталони Испанин дакъа хила деза аьлла хетарш дуьхьал бу цу кандидатурина. Хаамийн гIирсаш яздарехь, хьалхарчу муьрехь ца харжа а мега Торра, амма шолгIачу муьро толам бан мега цунна – парламентехь дукхахберш бу Каталони йозуш йоцу пачхьалкх хила еза аьлла хетарш. Хьалхо Каталонин Iедалан куьйгалхо хиллачу Пучдемон Карлосан... Читать дальше...

ГIажарийчоьно емал дина Израило Шема ракеташ еттар

Radiomarsho.com 

ГIажарийчоьнан Iедалша емалдина Израило, тIеман объекташ туху аьлла, Шеман территорина тIе ракеташ а, бомбанаш а еттар. ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало дIахьедар дина, Шеман бакъо ю аьла "агрессина дуьхьало ян" аьлла. Iамерко а, Евробарто а хьалха дIахьедар динера Израилан бакъо хилар Шеман пачхьалкхара схьалучу агрессина дуьхьало ян . Евробарто а, Францино а, Германино а кхайкхийна Израиле а, ГIажарийчоьне а дов марса даккха гIертар дитаре. Цу тайппа кхайкхамца дIахьедар... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *