Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 19.05.2018

ГIаттамхой килс чохь лачкъа гIоьртина хилла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIечIагIдина Саратовн чоьхьарчу гIуллакхийн ши эскархо вийна хиларх Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу леринчу операцехь. Урхаллан сайт тIехь хааме даьккхина тIеман тасадаларшкахь Нохчийчохь гIуллакх кхочушдан хьажийначу полисхойх лакхара ши сержант Рахметов Кайрат а, Горсков Влаимир а верах. ТIелатар динчийн цIераш а билгалъевлла. Царех шиъ Гелдганара ву, цхьаъ Аргунский олучу эвлара хилла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацица, тобан хьалханча луларчу регионера вахархо ву. Читать дальше...

Мисарара араяьккхинчу зудчунна дуьхьал ФСБ-н белхахой кхаьчна

Radiomarsho.com 

Мисарара схьахьажийна Дагестанан яхархо Байсултанова Сакинат шоьтадийнахь шен деа бераца цхьаьна ХIинжа-ГIала кхаьчна. ЦIерпоштан вокзалехь цунна дуьхьал баьхкинера къайлахчу сервисийн белхахой, яздо "Кавказ.Реалиис". "Кавказ.Реалиин" хаамашна тIе а тежаш, Маршо Радионо даржийра Москохарчу Шереметьевн аэропортехь 12 сахьтехь Байсултанова дозанхоша латтийна хиларх. Мисаран къомана кхераме бу аьлла, еарийдийнахь Къилбаседа Кавказан 17 вахархо Оьрсийчу схьахьажийна пачхьалкхан Iедалша. Кхин а 8 вахархо... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалин урамехь герзаш диттина

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалара Кадыровн проспект а, Субботниковн урам а вовшахкхеттачуьра меттиг къевлина ю аьла, "Кавказ.Реалиин" портале хаамбина республикерчу хьосташа. Меттигерчу бахархоша хаамбо, Архангелан Михаилан килсна а, наркотикашца къийсам латточу хьукматна а уллерчу гIишлон тхов тIехь цхьа стаг ву аьлла. ЦIенна гуо бина полисхоша. Некъан полици а, Къоман гварди а, СОБР кхаьчна цу меттиге. Кху сохьта Кадыровн цIарах прспект ерриг къевлина ю. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера хиллачух информаци хаа... Читать дальше...

Венехь йина 7 шо долу йоI Нохчийчохь дIаюллур ю

Radiomarsho.com 

КIира хьалха йийначу 7 шо долчу йоьIан Хажижатан дакъа цуьнан гергарчаьрга схьаделла Австрин полицино, хаамбо "Кавказ. Реалии" порталан Венерчу корреспонденто. Нохчийн Iадаташца а догIуш, даймахкахь дIаюллур ю йоI. Хадижатан ненан а, кхиболчу гергарчийн а аьтто хир бац Оьрсийчу йоьIан дакъа дIахьош баха, хIунда аьлча, мухIажирийн статусехь уьш хиларна, Оьрсийчоьнан территори тIе бовла бакъо яц церан. Оцу юкъанна, йийначу йоьIан доьзална Венерчу Iедалхоша гIалин кхечу кIоштахь петар елла. Шайн йоI... Читать дальше...

Калашниковн автомат юхкуш жимстаг лаьцна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Калашниковн автомат йохка гIоьртина аьлла, шеконаш кхоллаелла Гуьмса кIоштара вахархо лаца кхайкхийна кхело. Полисхойн зерашца, шен вевзачу стагна Калашниковн автомат а, цуьнан патармаш а доьхкина хилла бехкевечо, хаамбина Талламан комитето. Бехк тIечIагIбахь деа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна. Бакъо йоцуш герз лелийна, доьхкина Нохчийчохь 58 меттиг билгалъяьккхина прокуратурано дахначу шарахь. Оцу факташца, 39 стагна дуьхьал зуламан гIуллакхаш айдина, 11 вахархо набахте хьажийна... Читать дальше...

"ГIалгIайн Iедалхошка цабезам гIатторна" бехкевина оппозиционер Хазбиев

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан Iедалшка мостагIалла гIатторна бехкзуламан гIуллакх даьккхина махкарчу Талламан комитето оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна дуьхьал. Цуьнан адвоката Ибриева Хедас бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Хазбиев ишта а вара бакъо йоцуш герз лелорна а, Iедалан куьйгаллера нах аьшнаш барна а бехкевина. Керла тIебиллинчу бехкаца, Хазбиевс "цабезам гIаттош хилла" регионерчу Iедалшка 2015-чу шеран гурахь YouTub-ан агIоне йиллинчу роликца. Кхелахоша юьйцучу видеона тIекхиа аьтто ца баьлла Ибриеван. Читать дальше...

Кубехь тезет кхайкхийна

Radiomarsho.com 

ПIераскандийнахь авиакатастрофехь нах баларца тезет кхайкхийна Кубехь. 100 сов стаг хилла кеманчохь. Болчу хаамашца, масех стаг дийна висина, амма вуочу хьолехь бу уьш. Гаванерчу аэрпортера Ольгин гIала доьдуш хилла Boeing 737 кема. ГIаьттинчул тIаьхьа охьадоьжна ду и. Бахьанаш цкъачунна хууш дац. Доьжна кема Мексикан Aerolineas Damoj компанин долара хилла, Кубан Cubana de Aviacion компанино ханна лело шайга эцна. 1979-чу шарахь арахецна кема ду иза. Кеманчохь хилла 6 экипажан декъахо, шайца командир а, шолгIа пилот а волуш. Читать дальше...

Ставрополан вахархо Дагестанна тIелатар дарна кхеле хIоттийна

Radiomarsho.com 

1999-чу шарахь Басаев Шемала а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобанца Дагестанна тIелатар дина ву аьлла, Ставрополан кIоштарчу вахархочун Ильмухамбетов Рустаман гIуллакх талламчаша кхеле кховдийна. Зазадоккхучу-беттан 29-чохь Дагестанан Лакхарчу кхело бехкехилар тIе а чIагIдина, ворхI шо хан кхайкхийра Ставрополерчу Исмаилов Рустамна а. Цунна бехкедиллинарг дара, Ботлихан кIоштахь эскархошна дина тIелатар. Басаев Шемал а, Хаттаб а хьалха а вьлла, 1999-чу шеран аьхка тIелатар динера Дагестанна. Ботлихан кIоштара Ансалта... Читать дальше...

Дуьненан чемпионат ерззалц Нохчийчохь дихкина герз лелор

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь кху беттан 25-чу дийнера карабогIучу беттан 25-гIа де кхаччалц дуьненан футболан чемпионат дIахьош хиларца Нохчийчохь герз лелорехь дозанаш далош ду. Махкарчу Росгавардино бина и хаам. Хаамийн гIирсашкахь яздеш ма хиллара, меттигерчу бахархоша шайгара травматикан а, талламан а герз муха лардо хьовсуш, талламаш дIабаьхьира чоьхьарчу министраллан белхахоша еарийдийнахь. Дуьненан чемпионат йоьдучу ханна Соьлжа-ГIалахь куп тухуш ю Мисарара йогIу футболан клуб. Билгалбаьккхинчу баттахь республикехь дихкина ду герз а... Читать дальше...

Мархийн баттахь малар доьхкина зуда лаьцна Гуьмсехь

Radiomarsho.com 

Полисхочунна къаьркъа доьхкина аьлла, лаьцначу  Гуьмсерчу кафехь болх беш йолчу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, хаамбина чоьхьарчу гIуллакхийн министрало. Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан муфтийн Кхеташоно Рамадан мархийн бутт кху беттан 16-чохь дIакхайкхийна хиларх. Амма Нохчийчоьнан а, Дагестанан а муфтияташа хьалхара мархийн де 1 7-чохь ду аьллера. Нохчийчохь мархийн баттахь доьхкуш ду маларш дохкар. Къайлах кафе хьажийначу полисхочунна сертификаци йоцуш малар доьхкина хилла кафен белхалочо. Читать дальше...

Рамадан баттахь бусулба пачхьалкхашкахь амнисти кхайкхор ю

Radiomarsho.com 

ТIебеанчу мархийн баттахь Дубай эмиратан шайхо Муххьаммад бин Рашид аль-Мактума омра дIаделла 700 кеп-кепарчу къомах волу тутмакх маьрша ваккха аьлла. Дубайн инарла прокуроро Иссама аль Хьумайдана бахарехь, лецна латтийначарна гIо дийр ду юкъараллехь дIатарбала, иштта керлачу дахаре шанс а лур ю. Фуджайран урхалхочо Хьамад аль-Шаркыс Рамадан баттахь 81 тутмакхна гечдина, ткъа Аджманан эмиро Хьумайд аль-Нуаимис 70 тутмакх араваккха омра дина. Эмиратан урхалчас Рас аль-Хайма Сауд аль-Касимис 302 тутмакъ маьршаваьккхина ца Iаш... Читать дальше...

Некъан бохам хилла Нохчийчохь, велла 5 стаг

Radiomarsho.com 

Хьалха-Мартанарчу боккхачу новкъахь хиллачу некъан бохамехь пхи стаг велла, цхьаъ дарбан цIийне кахчинй чевнашца. "Хьалха-МартантIе боьдучу федералан некъа тIехь кхо машен вовшахкхетта: BMW а, "Лада Приора" а,"ВАЗ-2114" а. Пхи стаг велла, ву царлахь полисхо а. Лазийна висина цхьа стаг дарбан цIийне кхачийна", - аьлла, хаамбо ТАСС агенталло, некъан полицерчу шайн хьосташна тIе а тевжаш. Дийцинчо бахарехь, BMW а, "ВАЗ-2114" а яьгна вовшахкхетаран бахьанашца. Беллачийн цIераш билгалйохуш ю. Бохам хиллачохь дIахьош талламан белхаш бу.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *