Росгвардин дакъош тIеузуш ду Москох Навальныйн агIончаша акци дIахьочу метте
Цхьаберш гIалгIазакхийн духар доьхна болу и нах бага лееш бу Навальныйн агIончашка.
Москох гIалин юккъе тIеузуш ду полицин, Росгвардин а дакъош а. Полисхоша лаьцна лаххара а цхьа жигархо. Цуьнан карахь хилла "Путина на мыло" тIе яздина плакат.
Маршо Радион Оьрсийн сервис онлайн видеотрансляци дIахьош ю цигара.
