Кавказера нах дIалецна Каирехь
Иштта хоуьйтуш дац дIалацаран бахьанаш а. Оьрсийчоьнан бахархой дIабигина ца Iаш, Советан хиллачу республикашкара нах а бу царлахь, яздо "Мемориало".
Маршо Радионо яздира, ах шайлахь бераш а долуш, Дагестанера 18 стаг вайна Каирехь аьлла. И хаамбинера "Мемориал" бакъонашларъяран центро, байначийн гергарчун Байсултанов Гусейнан хаамашна тIе а тевжина.
