Шемарчу гIаттамхоша дохийна аьлла хета кема 0 08.05.2018 10:22 Radiomarsho.com Оршотан буса Оьрсийчоьнан Ка-52 "Аллигатор" кема доьхна Шемахь. Ший а пилот велла аьлла, хаамбо "Коммерсанто". Газетан неофициалан информацица Шеман Малхбалерчу террриторешка хьовсучу хенахь дохийна хилла кема, радикалан исламхоша герзаш диттина.Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалехь дIахьедарца, техникан бахьанашца доьжна хила а тарло кема.2016-чу шеран бIаьста Шемахь тIом болабелчхьана ворхIолгIа кема ду доьхнарг. Партнёры Smi24.net Все новости за 24 часа Музыкальные новости Агрегатор новостей 24СМИ