Нохчийчохь билгалдаккхаза ду марха лоцу де
Оцу юкъанна Оьрсийчохь бехачу бусулбачийн Кхеташоно хIинцале а билгалдаьккхина Рамадан бутт болало терахь.
"Рузмаца а догIуш, 2018-чу шарахь Рамадан бутт болало 15-чохь малх къайлабаларца. ПхоьалгIа, пхьуьра ламаз динчул тIаьхьа оццу дийнахь дIахьур ду терхьа. Хьалхара марха хила деза 16-чохь, тIаьххьара марха кхобур ду Мангал-беттан 14 чу дийнахь", - яздо хаамехь.
