Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Казахстанехь Шемех дийцаршкахь дуьххьара дакъалоцуш яц Iамерка

0
Шемара конфликт дIаерзон некъаш лоьхуш иссолгIа дийцарийн раунд схьайиллина Казахстанан коьртачу шахьарахь. Дуьххьара оцу форумехь дакъалоцуш бац Iамеркан делегаташ.


Оршотдийнахь Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министран пресс-секретара Жаинаков Ануара журналисташка бинчу хаамца, дийцаршка кхочур ву ООН-ан Шемехула волу лерина векал Де Мистура Стаффан а. Шемарчу оппозицин делегаци а ю дийцаршка йогIуш шинарийдийнахь. Иштта Жаинаковс хаийтина, Iамерка дийцаршка хууш цахиларх а. Стохка Астана шайн векалш хьовсийра Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа.


Оьрсийчоьнан президентан цIарахчу векало Лаврентьев Александра дIахьедина, Вашингтоно дакъалоцур ду дийцаршкахь аьлла, Москох тешна ю аьлла.


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *