Титиевна тIехь харцо ма лелаяйтахьара аьлла, дехар дина интеллигенцино Путине
"Оьрсийчоьнан Конституцин гарант хьо хиларе терра оха доьху хьоьга катоьхна Титиевн гIуллакх листар федералан тIегIане дIакховдадайтар а, иза хьайн тергоне ахь эцар а, "Мемориална" тIаьхьабевлла лелар сацадайтар а", - аьлла бу кехатан чулацам. Кехатна буха куьйгаш яздина бакъонашларъярхочо Алексеева Людмилас а, актрисас Ахеджакова Лияс а, Москохан муфтийс Аляутдинов Ильдара а, яздархочо Быков Дмитрийс а, поэта Рубинштейн Левас а, яздархочо Улицкая Людмилас а, актрисас Хаматова Чулпан а, иштта кхечара а.
"Мемориалан" пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, президентан Администрацига дIакхачийна кехат. Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйнна дIалаьцна ву Нохчийчуьрчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб. Наркотикаш лелийна аьлла, бехкала воьллина иза.
Титиевс ша а, цуьнан белхан накъосташа а полисхоша наркотикаш цунна кхийсина лору. "Мемориало" политикан тутмакхийн тептаре ваьккхина Титиев Аюб.
