Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Нохчийчохь байна кегийнах Шемахь "хаабелла"

0
"Новая газетан" хаамашца, стохка Нохчийчохь байина аьлла, кхайкхийначу кегийчу нахана дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна, уьш Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхетта аьлла. Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас бина и хаам оьрсийн "Би-би-си" гIирсе. Царех масанна дуьхьал долийна гIуллакх Москальковас хаийтина дац, амма "Новая газетан" тептарехь  27 стаг вара уьш.


Омбудсмено бахарехь, оцу гIуллакхна тIехь шен терго латтош ю иза, цкъачунна кхин тIетоха керла хIуммаъ дац.


"Талламан комитето и нах байча санна гIуллакх делларна дуьхьало йина", - аьлла, тIетоьхна Москальковас.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *