Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Нижневартовскера зуда схьайоьху нохчийн Iедалхоша Иракъе

0
Иракъехь белла дIабовллалц набахтехь такха хенаш кхайкхийначу Оьрсийчуьрчу бахархошца цхьана Нижневартовскера Трулева Анастасия а цIаерзо гIерта Нохчийчуьра Iедалхой. ugra-news хьостане бина и хаам Нохчийчоьнан куьйгалхочун Югрерчу векало Орзалиев Алдана. Карарчу хенахь тоьхна хан Оьрсийчохь яккхийта схьабоьхуш Иракъерчу Iедалшца дийцарш ду дIахьош.


"Елла дIаяллалц хенаш кхайкхийна пхи зуда ю цигахь, масех лахара хенаш тоьхна а ю. Нохчийчоьнан урхалхой цаьрга и хан цIахь такхийта аьлла, даймахка берзо гIерта. Дийцарш дехха дIагIур долчу тера ду", - аьлла, дийцина Орзалиев Алдана.


Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Иракъан кхело Оьрсийчуьрчу 19 зудчунна баллалц набахтехь яккха хенаш кхайкхийнера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь латтарна.


Уьш бехкебора бакъо йоцуш Иракъан дозан тIе бовларна а.


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *