Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Шемахь химин герз лелор Оьрсийчоьнна тIехь дуьту Iамерко

0
Шемахь химин герз "кхи дIа а лелош хиларна" жоьпалла Оьрсийчоьнна тIе диллина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Пачхьалкхан департаменто дина цу кепара дIахьедар. Бехке мел верг таIзаре валаве аьлла Вашингтоно. Госдепан векалан Нойерт Хизеран дIахьедарехь дуьйцу, 2013-чу шарахь Оьрсийчоьно чIагIо йинера Шеман химин герзан арсенал хIаллакйийр ю шаьш аьлла, цундела жоьпалла цунна тIехь ду, кхи дIа а оцу герзах пайдаэцарна. ТIеман Iалашонашца кху шеран Чиллан-баттахь Серакиб гIалахь хлорин лелийна аьлла, хаамбина кхаарийдийнахь химин герз дихкинчу Организацино (ОЗХО). Тешаш лебина, латтана экспертиза а йина, карийна ши баллон теллинчул тIаьхьа дина ду и дIахьедар.


ОЗХО-н жамIаша "цецдаьхна" шаьш аьлла Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь. Иштта оцу урхалло чIагIдо, химатака йина боху тоьшаллаш WhatsApp-ан мессенджерехула гулдина ду, шаьш эксперташ инцидент хилла бохучу меттиге бахана а бац аьлла.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *