Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2018

Даудовс дIаелла полисхоша схьаяьхна машенаш

0
Мархийн беттан сий деш, некъан низамаш дохорна полисхоша схьаяьхна машенаш уьш йолчарна юхадIаелла Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. И акци хилла Соьлж-ГIаларчу некъан полицин урхаллан кертахь.


Республикехь некъахьовзамийн терахь лахдар Iалашонца кхоьллинчу комиссин куьйгалхочо Даудовс кху деношкахь леррина кхеташо дIаяьхьира ГИБДД-хь. Цо омра делира нахера схьаяьхна машенаш юхадIало аьлла.


Цу машенийн долахой, ерриг а республикехула схьа а гулбина, Даудовца цхьаьнакхета бигира автобусашца, яздо Кавказ.Реалиино. Парламентан спикеран къамеле ладоьгIначул тIаьхьа, шайн машенашкахь дIасабахна уьш.


Кавказ.Реалиино дийцарехь, Нохчийчьурча полисхоша машен дIайоккхуш Iедал ду, бахьане ца хьоьжуш.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *