Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Цхьана буса ши некъан хьовзам иккхина Нохчийчохь, лазийнарш бу

0
Яхначу буса Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбарехь, шиъ некъан бохам иккхина махкахь. Куьршала кIоштарчу Цоци-Юьртахь КАМАЗ а, ВАЗ-111840 (Лада-Калина) а вошахкхетта, кеп-кепарчу чевнашца Устрада гIалин дарбан цIийне валийна Лада-Калинин шофер а, цуьнца машенчохь хилла зуда а.


Иштта Грозненск кIоштахь а хилла цхьа некъан бохам. Соьлжа-гIалара Шуьйта боьдучу новкъахь "Тойота Коррола" машен некъатIера а йолуш, тIекIелъяьлла. Оцу машенчуьра лазийна кхо зуда а лазартне йигина.


Хилларг толлуш, белхаш бу дIахьош полисхоша.


 


 


 


 


 


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *