Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Новости за 24.06.2018

Салахь юкъара дIавала лууш ву Мисаран къоман футболан тобанна

Radiomarsho.com 

Мисаран футболан тобанан декъашхо Салахь Мохьамед юкъара дIавала дагахь ву цу мехкан къоман тобанна, хаам бо CNN телекомпанино. Салахьна юххерчу хьастано дийцарехь, жима стаг догдоьхна ву ша Нохчийчохь яьккхинчу хенах политика хьакхаяларна.  Кху кIиранах Кадыров Рамзана Мисарара футболхой базбеш той хIоттийра Соьлж-ГIалахь, Салахьна Нохчийчоьнан лараме махкахо цIе а туьллуш. ГIуллакх цу хорша дерзарна кийча ца хилла спортхо. Футбол а йоцуш кхечу агIор шех пайда эцийта лууш вац иза.

Туркойчуьрчу президентан харжамашкахь толам боккхуш ву ЭрдохIан

Radiomarsho.com 

Туркойчохь хенал хьалха хиллачу президентан харжамашкахь толам боккхуш ву карарчу хенахь цу даржехь волу ЭрдохIан Реджеп. 20 процент бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа цо гулдина 60 процент гергга кхаьжнаш, яздо Кавказ.Реалиино, "Медуза" зорбанан гIирсана тIе а тевжаш. ЭрдохIанан коьртачу дуьхьалончо Индже Мухьаррема гулдина 27 процент сов кхаьжнаш. Иза ду харжамийн шолгIа мур хир бац бохург.​ Парламенатн харжамашкахь толам боккхуш бу ЭрдохIанан агIончаш.​  ЭрдохIан Iедалан коьртехь волу ду 15 шо. Читать дальше...

Трампан зорбанан секретар араяьккхина ресторанера

Radiomarsho.com 

Iамеркан президентан Трамп Доналдан зорбанан секретар Сандерс Сара а, цуьнан доьзал а арабаьккхина пIераскан сарахь Вирджини штатехь  Лексингтон гIаларчу Red Hen ресторанера. Цаьрга цу кепара дехар динарг ю цу хIумакхоллучу чоьнан долахо Уилкинсон Стефани. Цу кепара ресторанан долахочо ша реза ца хилар гайтина Трампан администрацино дIахьочу политикана. Цу зудчунна хетарехь, Сандерс болх беш ю "адамалла доцчу оьзда йоцчу тобанна", яздо Washington Post газето. Red Hen ресторанехь динарг нийсонан бакъо яйар хилар билгалдоккху критикаша. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу берийн могашалла толлур ю Москох лоьраша

Radiomarsho.com 

Москохара клиникера баьхкинчу лоьраша могашалла толлуш хьожур бу Нохчийчьрчу 700 сов сихонца лоьрийн гIо оьшучу берашка. Цунах лаьцна республикан кьуйгалхочо Кадыров Рамзана яздина "ВКонтакте", хаам бо ТАСС агенталло. Верриг а Соьлж-ГIала веана Тушинора берийн клиникера 14 лор. Шина дийнахь болх бийр бу цара Нохчийчохь, цхьацца сакхташ долчу берашна оьшуш долу гIо билгалдоккхуш.   Сихха операци яр оьшуш долу бераш дарба дан дIадуьгур ду Москох.

Берийн дастаме сурташ латторна чувоьллина католикийн мозгIар

Radiomarsho.com 

Италера мозгIар а, дипломат а Капелло Карло Алберто, пхи шо хан а тоьхна, чувоьллина берийн дастаме сурташ латторна, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, ББС-на тIе а тевжаш. Капелла къера хилла шен бехк хиларна. Ватиканерчу суьдехь цо дийцина, Вашингтонехь Ватиканан векал волуш кризис иккхинера шен дахарехь аьлла. 2017-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто хаам бина хилла Ватикане, цуьнан дипломатин миссин декъашхо берийн даьхна дастаме сурташ латтош ву аьлла. Кхин... Читать дальше...

Президентан а, парламентан харжамаш дIахьош бу Туркойчохь

Radiomarsho.com 

Туркойчохь хенал хьалха дIабоьлхуш бу президентан а, парламентан а харжамаш. Иза дуьххьарлера кхаж тасар ду цу пачхьалкхехь, референдум а йина, мехкан конституцина тIехь хийцамаш бинчул тIаьхьа. Цу хийцамийн Iалашо яра президентан бакъонаш шоръяр. Туркойчохь схьайиллина ю 180 эзар харажаман куп. Президентан харжамашкахь, тола мегаш ву аьлла, билгалваьлла ву карарчу хенахь цу даржехь волу ЭрдоIан Реджеп. Амма шолгIачу муьре валаре дог дохийла дуьсуш ву цуьнан коьрта дуьхьалонча Халкъан-республикан партин кандидат Индже Мухьаррем. Читать дальше...

Зударшна машен лело бакъо ялар болх бан доладелла СаIудехь

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь бехачу зударшна официалан кепара машен лело бакъо елла Iедалша. Цу хьокъехь паччахьо арахецна омра болх бан доладелла кIирандийнахь, Мангал-беттан 24-чохь, дуьйна. Тахханалц СаIудийн пачхьалкх цхьаъ бен яцара зударшна машен лелор дихкина латториг.  И бахьана долуш цу махкарчу доьзалийн дезара машенна урхалла дайта леррина стаг лаца.   И хьал хийцарх лаьцна СаIудийн Iедалша дIахьедар динера стохка Гезгмашин-баттахь, ткъа машенна урхаллаа дан оьшу кехаташ зударшна дала долийра цигахь Мангал-бутт болалуш. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *