Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Новости за 30.06.2018

Нохчийчохь цIераш йийла кхерам хиларх дIакхайкхийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан орцан министралло дIакхайкхйина мехкан исс муниципалан кIоштахь тIедогIучу оршотдийнахь тIехсов йовхо латтарна цIераш йийла кхерам бу аьлла. Цара бахарехь, къаьсттина сема хила беза Шелковскан, Гуьмсан, Куьршалан, Грозненскан, Ноьвран, Теркйистан, ТIехьа-Мартан, Хьалха-Мартан, Сунжан кIоштийн бахархой. ЦIераш дIасаяржахь а аьлла, доьху орцанан урхалло махкахошка, ларлуш хилар. Маршо Радионо Iорабаьккхира орцан министраллан, кху кIирандийнера шинарийдийне кхаччалц Нохчийчуьрчу Къилбаседанехь 40 градус гергга йовхо лаьттар ю аьлла... Читать дальше...

"ФСБ-но къизаллаш лелайо, НТВ-с уьш къайлахьо"

Radiomarsho.com 

ПIераскан буса Останкинерчу НТВ телекомпанин офисна хьалхха баннер хIоттийнера "ФСБ-но къизаллаш лелайо, НТВ-с уьш къайлахьо" аьлла, тIе а яздина. "ВКонтактерчу" "2018-чу шеран Iазапаш лелоран чемпионат" аьллачу тобано бина и хаам. Шаьш анархисташ ду бохучу жигархойн дIахьедарехь дуьйцу, оьрсийн ницкъаллийн структурийн а, федералан каналан а Iалашонаш "маршонаш къовлар, Iедалхойн "статус кво" Iалашъяр ду" аьлла. Иштта анархисташа билгалдоккху, Оьрсийчохь дуьненан футболан чемпионат йоьдучу юкъанна... Читать дальше...

Полисхошка я цIеяйархошка харц орца дехначунна таIзардар чIагIдарх дуьйцу Думехь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна лоьрийн, я цIеяйархойн, полисхойн гIо оьшу аьлла, харцонца орца даьккхинчунна тIе административан жоьпалла дожош. "Керланаш" агенталлан сайт тIехь баржийна и хаам. Харц дуйла хуъушехь, оцу хьукматийн белхахошка орца даьккхинчунна гIуда хьарчор хьоьху 1,5 эзар соьмана тIера 3 эзар соьме кхаччалц я 100 сахьтехь пачхьалкхна маьхза белхаш байтар. Нагахь орца дехар дуьххьара дацахь, 4 эзар соьмера 5 эзаре кхаччалц айдийр ду гIуда, я 200 сахьтехь ваца дезар ду пачхьалкхана. Читать дальше...

Банкан белхахочунна 10 шо гергга хан тоха тарло

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь банкан белхахо бехкево 15 миллион пачхьалкхан ахча къайладаккхарна. Бехкеве М.Заур дIалоцуш талламхойн сацамна куьйгяздина прокуроро. Коьртачу говзанчан даржехь волчу цо цхьана хенахь кредиташ эцначу веа стага банкна юхаделла 15 миллион 609 эзар сом схьаэцна хилла. Кредиташ дIа ца къовлуш, оцу белхахочо ахчанна хьуламбина, талламчаша дийцарехь. Шеконашка эцна и стаг, гIуллакх толлучу заманчохь къайлаваларна, я шен тешашна кхерамаш тийсарна, гIуллакх толлучу юкъанна иза лоцуш сацам бина талламахоша. Читать дальше...

Титиевн гIуллакх тIедогIучу кIиранах Шелахь листа долош ду

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакхан ладегIарш къевлинчу неIаршкахь дIахьур долуш ду. Бакъонашларъярхочо арздинера, информацин доза тоьхна шена – цхьадолу шега кхоьхьуьйту кехататаш схьа ца кхачадо шега, радиога, телехьожийле ладогIа аьтто ца бо аьлла, хаамбинера адвокато Заикин Петра. Маршо Радионо ма-яздарра, Шеларчу кхелехь луьстур долуш ду Титиевн гIуллакх тIедогIучу кIиран 3-чу дийнахь. Адвоката чIагIдарехь, хьалхара ладоьгIийла къевлинчу рожехь хир ду, тIейогIучу хенахь диллина хир ду довхаттар.

Нохчийчохь 40 градусе кхаччалц йовхо лаьттар ю аьлла, хаамаш баржийна орцанхоша

Radiomarsho.com 

Кху кIирандийнера шинарийдийне кхаччалц Нохчийчуьрчу Къилбаседанехь 40 градус гергга йовхо лаьттар ю аьлла, хаамаш баржийна регионерчу орцан министралло. Бахархошка доьху оцу температурех лардалар, сирлачу беснашкахь хIаваъ чекхдолу духар тIедухар, коьртахь хIума лелор а. Иштта йовхачу деношкахь меллаша дIасалелар а, сих-сиха IиндагIе вийлар а гIоле хир ду аьлла орцанхоша. Ма мийла боху пиво а, корта бахо хиш я молханаш а, цара дегIера хи дIа а узий, могушаллана тIеIаткъам баран кхерам хиларна. Читать дальше...

Муцольговн цIийнах хьовса баьхкинера полисхой сатасале

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн бакъонашларъярхочун, "Машр" организацин куьйгалхочун Муцольгов Мохьмадан  цIийнах хьовса баьхкинера шоьтан Iуьйранна 20 сов полисхо аьлла, хааме даьккхина "Кавказан узел" агенталло. Хьостано бахарехь, пхеа машенашкахь баьхкинера ницкъахой. Болчу хаамашца, дахначу шинаридийнахь Муцольгов прокуратуре тIекхайкхина вара, дийцарехь, "Кавказан узел" агенталлан сайт тIехь цо язйина артикл бахьана долуш. 2009-чу шарахь дуьйнна агенталлан блогер ву бакъонашларъярхо. Гонахара кхерамаш туьйсуш... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *