Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Новости за 12.06.2018

Венехь йоI йийначу кIентан дена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдар доьху адвокато

Radiomarsho.com 

Венехь 7 шо долу йоI Хадижат ерна бехкевинчу кIентан дена Хьасанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар дехна гIалин полицига. Йийначу йоьIан гергарчара тIедожорца, адвокато Раст Николауса яздина дIахьедаран ши кехат. "Кавказ.Реалиин" корреспонденте адвоката дийцарехь, цо бехкево Хьасан харц хаамаш а, эладитташ а даржорна. ХIун информаци юьйцу ца дийцина адвокато Раста, талламан къайле и хиларна. Стигалкъекъа-бетттан 11-чохь дуьйнна чохь латтош ву полисхоша йоI йийна 16 шо долу Роберт. КIанта ша бехкана къера хиларх дIадийцина полицехь. Читать дальше...

Умаров: Кадыровн цIарах шоуменаша пайдаэцар сацо деза

Radiomarsho.com 

Кадыровн цIарах шайн пиар-акцешкахь шоуменашка пайдаэцийтар сацо деза аьлла Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. "Бакъду, дукхачу нахе далур доцург Рамзан Ахматовича шега кхочушдалуш хиларх тоьшалллаш цкъа гайтина а ца Iа. Делахь а, Слепаковн яьржинчу роликехь, хетарехь цунна шена а, масех цуьнга ладугIучунна а бен самукъане хетта йоцу, ма дарра аьлча, цхьа барз сакхташ ду. Цкъа делахь, гоьваьллачу актеро, кеп-кепарчу "забарен" скейтчийн, байкийн авторо литературан мотт бийцинехь гIоле дара, байташкахь мукъна а. Читать дальше...

Даима а шуьйрра даздо Нохчийчохь Оьрсийчоьнан де

Radiomarsho.com 

Майданашкахь, кхечу адамаш гуллучу меттигашкахь хIитточу барамашкахь алсамйовлу пачхьалкхан байракхаш, баккхийчара а, бераша а тIедуху оьрсийн къоман духарш. Иштачу даздаршкахь гойла ду хьиджабашна тIехула «кокошникаш» техкинчу мехкарша «Барыня» локхуш а…

Украинано Оьрсийчоьнна дуьхьал меморандум яьккхина

Radiomarsho.com 

Терроризмна ахчанашца гIо дарехь къийсам латторан конвенци а, муьлххачу кепашкара расийн дискриминаци дIаяккхарх конвенци а Оьрсийчоьно йохийна хиларх ООН-ан Дуьненаюкъарчу кхеле меморандум луш ю Украинано. И хааме даьккхина пачхьалкхан  арахьарчу гIуллакхийн министро Кликин Павела. "Тхоьгара цхьа башха "совгIат" кхочур ду тахана Оьрсийчоьне ООН-ан Дуьненаюкъарчу кхелехь. 90 кила йозаллица, 17500 текстан агIо а йолуш, 29 томах лаьтташ, - яздина Климкина Твиттерерчу шен агIон тIехь шинаридийнахь. Читать дальше...

"Лечкъа а ца деш, схьааьлла соьга, ца лела набахтехь низамаш"

Radiomarsho.com 

Оздоев Мохьмад Губашев Шадид леткъа ша чохь кхобучу набахтина Политик Немцов Борис вуьйш дакъалацарна 16 шо хан а тоьхна, ша дIахьажийначу Ямал-Ненцойн махкарчу №8 набахтехь тутмакхийн бакъонаш хьоьшу, аьлла, арз даржийна Нохчийчуьрчу ницкъхойн декъахь леллачу Губашев Шадида. Шозза мацалла лаьцна Iийна иза ша дIакхайчийначу меттехь. Шегарчу хьолах лаьцна цуьнан аьтто баьлла хаам бан ша волчу ши кIира хьалха адвокат кхаьчча. Баттахь шозза кехат яздан а, гергарчаьрца зIене вала а луш йолу бакъо шена кхачош яц, аьлла цо. Читать дальше...

Бакъонашларъярхой реза бац Салахь Кадыровца тIекаре хиларна

Radiomarsho.com 

Соьлжа - гIалахь куп тоьхначу Мисаран футболан тобан лидеран Салахь Мухьаммадан мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца спортхой бахчабечу цхьана вар ца тайна бакъонашларъяран Human Rights Watch организацина. Нохчийчохь адамийн бакъонашца проблемаш ю, ткъа Кадыровца Салахь тIекаре хиларо мехкан куьйгалхочунна позитиве имидж кхуллу аьлла, шога критика йина бакъонашларъярхоша. "Республикехь футболан тобано куп тохарехь шен статус айба гIерта Кадыров. Цо лелондерг хууш дара. Массеран а терго шена тIе ерзийна хила лууш ву иза. Читать дальше...

ГIалгIайн юкъаралхоша меттанех низаман проект - "къаьмнашна дискриминаци яр ду" аьлла

Radiomarsho.com 

Шайн лаамехь къаьмнийн меттанаш Iаморах пачхьалкхан Думас луьстучу низаман проекто шога йохош ю адамийн Конституцин бакъонаш аьлла, дIахьедина гIалгIайн юкъаралхоша. Къоман култура хIаллакйийр йолуш, "Оьрсийчохь бехачарна сийсаз дискриминаци" яр ду аьлла цара Думас юкъаяьккхина проект. Цу кепара дIахьедар дина оршотдийнахь ненан меттанаш Iалашдаран денна лерина Карабулакехь дIаяьхьначу горгачу стоьлехь. Регионерчу 11 юкъараллан организацеша дакъалецира дийцаршкахь а, горга стол ерзош тIеэцначу резолюцехь а. Читать дальше...

Соьлжа-ГIалахь - Ифтар

Radiomarsho.com 

Оршоьтан сарахь, Мархийн беттан Лайлатул-Къадр олу еза буьйса тIекхочуш, ван мел луург а кхойкхуш, ифтар дIадаьхьна Соьлж-ГIалахь Кадыров Ахьмадан фондо. СагIанах кхета баьхкинера Нохчийчоьнна гонахарчу мехкашкара хьеший а. Кхоьссина догIучу догIано адам парггIат даарх кхета ца дитинехь а, шен рогIехь дIадахара Деза де.



Нохчийн полиглотна петар елла Кадыровн фондо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу дукха меттанша хуучу Эскаев Артурна чохь Iен хIусам елла махкарчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Соьлжа-ГIалин мэро Хучиев Муслима а, полицин куьйгалхочо Кадыров Хас-Мохьмада а дIаделла Эскаевга чохь мел оьшу йийбар хIоттийначу петаран догIанаш. ВКонтактерчу шен пена тIехь Кадыров Рамзана бина и хаам. "Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь хIусам йохийна, чохь Iен меттиг йоцуш висинера Эскаев. Иза хиъначу фондан президенто Кадырова Айманис тIедиллира, цунна хIусам ялар", - аьлла, билгалдаьккхина мехкан куьйгалхочо. Читать дальше...

Трамп цхьанакхетта Къилба Корейн президентца

Radiomarsho.com 

Шинарин Iуьйранна Сингапурехь цхьанакхетар хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, Къилба Корейн а президентийн. Ын Ким Ченца дIасакъаьстинчул тIаьхьа Трамп Доналда дIахьедина, Кимца кхин а "дукхазза" цхьанакхета дагахь ву ша аьлла. Уггар хьо цецваьккхинарг хIун дара Къилба Корейн президентехь аьлла шега хаьттича, Трампа аьлла,  Ким шатайпа, кIорггера хьекъал долуш стаг ву. "Инзаре кхиаме дара оха цхьана дIадаьхьна де. Вовшах лаьцна а, шина пачхьалкхехь дуккха а керланиг доьвзира тхошинна", - аьлла, билгалдаьккхина Iамеркан президенто. Читать дальше...

Соьлжа-ГIалахь марха даста гулбеллера махкара а, дозанал арахьара а нах

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь ифтар дIадаьхьира. Верриг а цигахь гулвелларг, болчу хаамашца, 20 эзар гергга стаг хилла. Марха даста шаннаш хIиттийнера регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Ши эзар гергга могIа бинера коьртачу маьждигна хьалхарчу майданахь нахана юучух кхета охьахаа, Узбекистанера лерина кхайкхина балийначу говзанчаша плов кечдинера. "Ифтарна кечам муха бо хьожуш, гIали юккъехула волавелира со, баркалла элира иза вовшахтоьхначарна", - аьлла, яздина мехкан куьйгалхочо ВКонтактерчу шен агIон тIехь. Читать дальше...

Эзарнашкахь тIеман гIирс хIаллакхбина Нохчийчуьрчу хьаннашкахь

Radiomarsho.com 

Шо доладелчхьана Нохчийчохь сапераша лелхийтарх дIацIандина 650 гектар латта, хаамбо тIеман комендатуран векало. Маршо Радионо ма яздарра бутт хьалха 100 гектар латтанаш зийна 300 гергга минаш а, коьчалш яьхнера сапераша. Кху шарахь тIеман сапераша тIелаьцна ТIехьа-Мартанан а, Грознескан а, Гуьмсан а, Шелан а, Куьршалан а, ТIехь-Мартанан а, Веданан а кIошташкара 1400 гектар латтанаш листа хьаннашкахь.

Кадыровх керла илли юкъадаьккхина оьрсийн комика

Radiomarsho.com 

Дуьненан чемпионатах лаьцна керла рогIера илли даьккхина оьрсийн забарчо Слепаков Семена. Фейсбукерчу шен агIон тIе оьллина Слепаковс шен композици. Сюжетца а догIуш, дуьненан турнирехь оьрсийн футболан тоба эшна йисарна кхеравеллачу президенто Путин Владимира катоьхна кхеташо кхайкхайо. Командан тренер хийцича юьхIкIам хир бара аьлла тешначу цо Кадыров Рамзан хIоттаво цу дарже. Оьрсийчоьнан футболисташ кхерало, шайна Кадыров тIехIоьттича, хIетте а толам ца бохьу цара чемпионатехь. Ша эшарна къера... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *