Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Да-нана а дуьйш, бохам хилла Францера Нохчийчу боьдучу доьзална

0
Францера Нохчийчу боьдучу нохчийн доьзалера ши адам а дуьйш, некъахьовзам хилла Оьрсийчуьрчу Сомоленскана гергахь. Кавказ.Реаллино дийцарехь, бохам хилла Мангалан-беттан 7-чохь буьйсанна.


Францехь вехаш волу Джунтаев Расул а, цуьнан хIусамнана а, цу шинан кхо бер а хилла Страсбургера Соьлж-ГIала доьдуш. 


Цхьана маьIаргонна уьш чохь болу "Мерседес" микроавтобус, некъах а яьлла, тIекхетта некъана йистехь лаьтташ йолчу асфальт буьллучу машенна. 


Джунтаев а, цуьнан хIусамнана циггехь делла. Цу шинан жима кхо бер вочу хьолехь дIакхачийна дарбанан хIусаме.   














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *