Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

"Дисней" студи кино йоккхуш ю нохчочун сценарий тIехь

0
"Disney" компанино "Ирсе истореш" цIарца дIахьочу конкурсехь юха а толам баьккхина нохчийн сценаристо Агаев Шемала. Халкъо бинчу харжамца 50 тоьллачу декъашхошла ваьллера Агаев, цул тIаьхьа жюрино къастийра иза шаьш дагальцначу "Ирс ду - …2" филман бух билла.


Кинон сюжет забаре ю. Чулацамца а догIуш, йохка-эцаран туьканахь цхьанакхета, цкъа мацах вевзаш хилла ши стаг. Цушинна дага ца догIу, муха, маца, мичахь шаьшиъ вевзинера. Дагадаийта гIерташ дIадоьду шина накъостан доллу де. Эххар а цхьахволчун коьрте эккха, дуккха а шераш хьалха вовшийн вон чам а бойуш, шайн довзар хилллийла. Муха ю филман чакхе хаа таро хир ю тIедогIучу шеран бIаьста кино прокате яьккхича.


Маршо Радионо хьалхо яздира, шен 22 шо долчу хенахь The Walt Disney компанино кхайкхийначу сценарийн конкурсехь а толам баьккхина хиларх Тюменехь вехачу нохчочо Агаев Шемала.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *