Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2018

Харжамийн комиссино тIечIагIдина Эрдоган толар

0
Туркойчоьнан харжамийн комиссин куьйгалхочо Гувен Садис кхайкхамбина хенал хьалха дIабаьхьначу президентан харжамашкахь пачхьалкхан президентан декхарш кхочушден Эрдоган Реджеп тоьлла аьлла. 97, 7 процент дагардинчу бюллетенешлахь Эрдоганна кхаьчна 52 процент кхаьжнаш.


Официалехь толамбаккхарх дIакхайкхор ду  тIедогIучу пIераскандийнахь, хаамбина "Настоящее время" хьостано.


Харжамашкахь дакъалаьцначу Индже Мухарремна 30 процент кхаьжнаш кхаьчна. "Харжамаш нийса бацара, амма хIетте а Эрдоган толар тIеоьцу ас", - аьлла цо.


15 шо ду Эрдоган Iедалхойн куьйгаллехь лаьтта – юьхьанца премьеран даржехь, ткъа 2014-чу шарахь дуьйнна президенталлехь.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *